ДАЙДЖЕСТ: |
Арсанукаев Iабдулла
Кибиев Мусбек вина 1937 шеран 7 августехь Нохчийчоьнан лаьмнийн Iаламехь лаьттачу исбаьхьчу юьртахь Дишни-Веданахь гIуллакхъхочун Мохьмадан доьзалехь. Мусбекан да Мохьмад Iеладалан гIуллакхийн тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бина хилла. Цхьана муьрехь Веданан райисполкоман председатель а лаьттина иза. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь дукхаха йолу хан Киргизехь яьккхина КибиевгIеран доьзало, Фрунзе гIалина гена йоцчу Кара-Балты юьртахь Iийна уьш. Мусбекан да Мохьмад ша йоза-дешаран маьIна хууш хиларе терра, кIанте дешийта гIиртина. Амма нохчийн къомана тIехь лаьттинчу бохамаша оцу хенахьлерчу кегийрхойн дешарехь а, дахарехь а аьттонаш кхуллуш ца хилла. Аьттонаш кхуллуш ца хилла аьлча-м, дукха дайн хуьлу иза, массо агIора аьттонаш бохийна хилла-кх.
Киргизерчу Кара-Балтахь ворхIшеран школа чекхъяьккхина Мусбека. Даймахка юха цIа дирзинчул тIаьхьа дешна Веданан № 1 йолчу юккъерчу школехь. 10-гIа класс суьйренан школехь доьшуш чекхъяьккхина. Поэзига шовкъ йолчу кIентан яздаран корматалла хьалххе гучуяьлла. Школехь дуьйна а стихаш язъеш хилла иза. Мусбекан стихотворенеш зорбане йовла юьйлаелла 1950 шераш чекхдовлачу муьрехь. Поэтан дуьххьара зорбатоьхначу стихотворенех ю 1958 шеран 30 апрелехь «Ленинан некъ» газетехь араяьлла «Лаьттан седа» цIе йолу стихотворени. ХIетахь дуьйна хаддаза араюьйлу цуьнан поэтически произведенеш газетийн, журналийн, юкъарчу гуларийн агIонаш тIехь.
Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1961 шарахь Кибиев Мусбек деша воьду Москва, М. Горькийн цIарах йолчу литературни институте. Оцу институте кхоллараллин похIма дерг, исбаьхьаллин литературехь шен таронаш гайтинарг бен дIа ца оьцу. Кибиев Мусбек институте дIа а эцна, цо иза Iаламат дика доьшуш чекх а яьккхина.
Литературни институтехь доьшучу хенахь дуьйна а поэтан алссам стихаш арайийлина Нохчийчохь зорбатоьхна ца Iаш, Москвахь, Ростовехь, Молдавехь, Гуьржех, Украинехь, кхечахьа а арадовлачу журналийн, газетийн агIонаш тIехь а, юкъарчу гуларшкахь а. Оьрсийн матте а яьхна, цуьнан стихаш зорбатоьхна «Дружба народов», «Дон», «Техника-молодежи» журналаш тIехь, «Литература и жизнь», «Молодежь Молдавии», «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газеташ тIехь.
Кибиев Мусбекан дуьххьарлера книга араяьлла 1962 шарахь. Иза «Ши зама» цIе йолу стихийн гулар яра. ШолгIаниг, – «Наьрташ» цIе а йолуш, 1964 шарахь араяьлла. Церан чулацаман хьокъехь, поэтан кхоьллинчу халонаш лайначу, амма и халонаш эшийначу нохчийн къоман векалийн вастех лаьцна литературоведа Туркаев Хьасана яздо: «И нах – шен халкъ – турпалаллин туьйранашкахь буьйцучу наьртех тарбеллера Кибиев Мусбекана. Уьш бан а бара, наьрташ санна, цхьаьнге а ца эшабелла, ца къарбелла нах. Цундела поэзин хьалхарчу книжкин чулацамехь вайна гуш, наьрташ санна онда а, майра а болчу къонахийн васташ ду».
«Ши зама», «Наьрташ» цIерш а йолчу оцу гуларшна юкъаяхначу стихашкахь шера гуш дара нохчийн поэзехь хIинццалц хиллачух къаьсташ долу стихан хатI, стихан форманаш къоначу поэтан кхоллараллехь хилар. Масала, «КIайн седарчий» цIе йолу стихотворени:
ДогIано корах кIайн седарчий-тIадамаш детташ,
Кху сан коран бIаьргах цIенна стигал йо.
КIайн седарчий,
ТIадаме хьарчий,
Гуллой,
Дазлой,
ТIаьхьа сетташ,
Лар а юьтий,
БIаьрга тIоьхла оьгуш го.
Хьалха паргIат,
ТIаккха чехка, чехка довлий,
Шишша-кхоккха вовшах кхетий,
Седа бо.
Керла-керла юхаъ кхуьу,
Юхаъ дов уьш,
Юхаъ хьаьрчий,
КIайн седарчий
Кхуьуш го.
…Буьйжи седа;
И боьжжинчохь кхиънарг лета;
Довш,
Лар дIайовш,
Кхуьуш керла-керланаш,
Куьйган эккъаннал хинйоцчу цу меттехь а
Дар, даларрий кхачо йоцуш хиларх кхетош,
Гулло,
Оьгу кIайн-седарчий-тIадамаш.
Кибиев Мусбекан кхолларалла шен чулацамца, маьIница кIарглуш, цуьнан поэзин исбаьхьаллин хотIан шатайпаналла кухьуш хилла хан ю 1960-гIа шераш – 1970-гIа шераш дуьйладелла мур. КIорггера, шуьйра хаарш луш йолу Литературни институт кхиамца чекх а яьккхина 1967 шарахь Нохчийчу цIа веана поэт. Юьхьанца Кибиев Мусбека болх бина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан «За педагогические кадры» газетан редаторан даржехь. Цул тIаьхьа цхьана муьрехь «Ленинан некъ» газетехь, тIаккха «Орга» альманахан редакцехь белхаш бина. Поэтан дахаран дукхаха йолу хан ша винчу юьртахь Дишна-Веданахь дIаяхна. Веданан районан «Колхозан дахар» газетан редактор лаьттина иза.
Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь арайийлина поэтан керла книгаш: «Денойн чам» (1969), «Шийла цIерш» (1975), «Лаьттан куьзга» (1984), «Беттан догIа» (1985), «Седарчийн чIара» (1988), «Хьекъалан бохь» (1992), «Хаьржинарш» (2012). Оьрсийн маттахь араяьлла «Вершина разума» (1993). Москвахь 1995 шарахь зорбатоьхна «Лунный дождь» цIе йолу книга.
Муьлххачу а бакъволчу поэтан санна, шуьйра чулацам болуш ю Кибиев Мусбекан поэзи. Нохчийчоьнан сийдаран ойла кхиош, къонахалла, доьналла, хьуьнар, гIиллакх-оьздангалла, къоман беркате ламасташ чIагIдеш ю поэтан кхолларалла. Даймахке безам балхош вац иза я шен къам дарехь хестош стихаш яц цуьнан. Даймахке йолу шовкъаш, къоман къонахашца йолу уьйраш къаьсттинчу, шен бен доцчу сурташца, ондачу дешнашца, шатайпанчу васташца гойту автора:
Даймехкан чIагIонаш –
Лаьмнаш а хьистина,
Таьптаран агIонех,
Дахаран агIонех
Шен ши тIам листина,
Доьллуш, уьш даржийна
Iуьйранна аьрзуно.
…………………..
ТIемашка – таьптаре –
Беттан бIаьрг хьоьжуьйтуш,
Маьлхан бIаьрг хьоьжуьйтуш,
Цаьрга и доьшуьйтуш,
Аьрзу Iа тапъаьлла…
ТIаккха а долало
Лаьмнашна дола ден
Листаран болар дан.
Дахар а дедайн сан
ТIемашца дендо цо…
…Чоэшкахь, гIовталшкахь
Ойланехь гIевттина;
Вертанан Iаьржачу
ТIемашца даьржинчу
Айбелла аьрзунех;
Баттана, малхана –
Стигланан бIаьргашна
Нийсса кIел – Iаьрчашка –
ХIора а хьалахилла, –
Голашца дой а хьош,
ДIабай уьш, ойла хьош…
И суьрташ хилла ду
Даймехкан ломахь.
И суьрташ долуш ду
Сан деган долахь.
«Даймехкан суьрташ» цIе йолчу оцу стихотворенехь а, лакхахь ялийнчу «КIайн седарчий» стихотворенехь а къеггина билгалйолу Кибиев Мусбекан поэтика, цуьнан шен бен йоцу стихкхолларан башхаллаш.
Кибиев Мусбек-поэт дахаре хьежар, цунна дахар гар Iаламат шатайпана хилла. Шена дахар гаран башхалла ю поэта вайна тамашийна хетачу, чолхечу васташка ерзийнарг, цуьнан къаьсттина долу йозанан хатI кхоьллинарг. «Даймехкан суьрташ» стихотворенехь автора кхоьллина суьрташ-васташ а цу тайпана ду. Нохчийн мехкан олхазаран – аьрзунан – васт ду стихотворенин исбаьхьаллин дIахIоттам кхолларехь поэтан хаьржинарг. Схьадиллинчу таьптаран хьесапехь шен тIемаш даржийна аьрзуно даймехкан чIагIонаш хилла лаьттачу лаьмнаш тIехула. «ТIемашка – таьптаре – Беттан бIаьрг хьоьжуьйтуш, Маьлхан бIаьрг хьоьжуьйтуш, Цаьрга и доьшуьйтуш, Аьрзу Iа тапъаьлла…». Таьптарш тIехь дIаяздеш хилла къоман дахарехь коьртаниг. Къоман «дахаран агIонаш» йовза таро хилла таьптарш доьшуш. Аьрзунан тIемаша – таьптарша довзуьйту я карладоккху лирически турпалхочунна шен халкъан хьалха дIадахна дахар. Цуьнан ойланехь схьахIуьтту вертанан даьржинчу тIемашца «аьрзунех айбеллачу» къонахийн – дедайн – сибаташ. Амма шайн дойшкахь «дIабай уьш», лирически турпалхочун ойла а «хьош», къайлабевли. Стихотворени шайца чекхйолучу могIанаша «И суьрташ хилла ду Даймехкан ломахь. И суьрташ долуш ду сан деган долахь» шуьйрачу ойлане воккху. Даймехкан истори, хьалха хилла дIадахнарг тIепаза дайна дац, иза адамийн дегнашкахь, ойланехь ду. Замано хIума дIахьо, дойу, амма къоман ламасташ, дайн доьналла, гIиллакхаш дайа йиш яц, уьш тIекхуьучара сийдеш, шайн замане хьаьжжина кхиош дIакхехьа деза.
«Даймехкан суьрташ» стихотворенин лексика дош хоржуш хIоттийна ю, маьIна кIаргдеш, айамен ойла кхуллуш ю. Поэт даим а хилла шен поэзин маттах доьзначуьнца лехаме, дош лерина лелийна цо.
Кибиев Мусбекан поэзин башхаллех лаьцна Арсанукаев Шайхис яздина: «Мусбекан поэзин шатайпаналла, чолхалла йозуш ю, цуьнан шен дахаран кхолламах. Цуьнан шен Дуьне ду, цуьнан Дуьнене, Iаламе, адаман дахаре шен хьажар ду, шен Аз ду, шен йозанан хатI ду, шен философи ю. Иза Поэт-философ ву. Суна хетарехь, цундела ду-кх Мусбекан поэзехь деган синхаамел сов философин ойланаш нисъялар».
Поэтан синхаамаш, цуьнан синхьегам лирически турпалхочун ойланашкахь хаало, амма и ойланаш а шатайпанчу, чолхечу васташкахь ю:
Хьекъалан бIаьргашка –
Iушка – ца сецалой,
Коьртера хецалой,
Ойла – и Iаьржа дин –
Хьоду сан, мац а лой;
Хьадарх са тедарца
ДIакъаьсти лаьттах и,
Бергашца седарчийн
Дарц гIиттош хьаьдда и.
Стигланан Iаьршашкахь
Бажа и болало.
Цо хьоьшург латта дац –
И лаца атта дац.
Цуьнан дуьхь-дист а дац,
Я багахь дуьрста яц.
«Мацъелла ойланаш» цIе йолчу стихотворени тIера ду и могIанаш.
Ойлане вохуш, философски маьIна шайца долуш ю Кибиев Мусбекан алам гойтуш йолу стихотворенеш а. Уьш алссам ю поэтан кхоллараллехь: «Зезагийн бIаьргаш», «Лаца полла, лацалахь», «Iаж»,
«Беттан догIа», «Беттан берг», «Беттан буьйса», «Седарчийн юнаш», «КIайн седарчий», «Шийла цIерш», «Дей, буьйсий», «ХIордан байракх», «Керла шо», «Елха стигла», «Буьйса», «Гуьйре», «Iаламан дош», «Седарчийн суйнийн дарц», «Даймехкан лаьмнаш», «Акха шовда», «Сизаш», «Баттара баьлла малх», «Бос богу зезаг», дуккха а кхиерш а. Оцу произведенийн башхалла ю Iаламан исбаьхьаллин суьрташкахула автора муьлххачу а доккхачу маьIне вуьгуш хилар: халкъан кхоллам, дайн доьналла, къоман ламасташ, доттагIалла, безам – оцу дерригена а ойлаяре воккху цо Iаламан суьрташкахула.
Кибиев Мусбекан безаман лирика а оцу хоршахь ю. Безамах лаьцна стихаш: «Сийна седа», «Йицъяц хьо ас», «Сийна бIаьргаш, даккхий бIаьргаш», «Аттйокх хилла екар ю», «ТулгIенийн тIемаш», «Кхеталахь», «Хьахийнчохь накъоста…», «ТIетохар, дIадаккхар…», «Кхардам», «Хьуна-м хIинца моьтта хир ду…», «Г. Б.», «Эвххьаза хьаьжна…», «Маьлхан барт», «Цхьаболу безам а…», кхиерш а. Поэтан лирически турпалхочо безаман ойланехь лоьхург а адамалла ю:
Хьахийнчохь накъоста,
Хьо ирча ю, боху.
Я тайпа-тукхам хьан
Эвлахь а дац боху.
ХIума дац: сан дагна
Тоьъна хьан хазалла.
Тайпа ду вайшиннан –
Заманан адамалла.
Поэтан безаман лирикех лаьцна Арсанукаев Шайхис яздина: «Мусбекан лирически турпалхочун безам а бу шатайпа, тийна, оьзда, къамелана шера боцуш, шен деган неI шуьйра дIайиллина йоцуш, ийзалуш, эхь хеташ, эвхье».
Кибиев Мусбекан поэзи метафоршца, дустаршца, стихан хIоттамца, исбаьхьаллин сурт, васт кхолларца чолхе ю, амма бес-бесара ю, хьал долуш ю. Ритм, рифма тайп-тайпана ю цуьнан стихашкахь. «Буьйса» цIе йолчу стихотворенин шина строфахь кхаа тайпана рифмаш ялийн автора:
Бутт го мархаш тIехьахь стиглахь,
ЗIаьнарша лам дато бо.
Ахках тера доьдуш цигахь
Ча такхийна тача го.
………………………….
Iаьржа буьйса хьаьдда йоьду,
Бода баржош лаьмнашкахь.
Хеза, хеза жIаьлеш леташ
Къорра лаьмнийн ярташкахь.
Хьалхарчу строфан хьалхарий, кхоалгIий стихаш зударий рифмашца ю (стиглахь – цигахь); шолгIий, йоьалгIий – божарийн рифмашца ю (бо – го). Вукху строфахь шолгIачуй, йоьалгIачуй стихашкахь дактилически рифмаш ю (лаьмнашкахь – ярташкахь). «Баттара баьлла малх» стихотворенехь шина дашах лаьтташ йолу рифмаш ялийна автора (стелаIад – Iелахь Iад):
ЙоьIан, сан ирсана стиглара стелаIад,
Безаман бос керчош, дIа ца довш, Iелахь Iад!
Рифмаш янний йоцуш стихаш ю поэтан.
ПаргIат дешнаш ловзош, дош тайп-тайпанчу маьIнехь далош, аллитерацех, ассонансах пайдаоьцуш, антитеза ялош язйина стихаш ю поэта:
…Дийна полла санна, сийна
Зезаг ловзу бацалахь,
Тийна мох дIа, и лестийна, –
Лаца полла, лацалахь.
Кхечу стиотворени тIехь:
Зезагаша арахь
Кхолу бай и дари.
Аре хедош, Орга
ДIасадаьржи,кIорга.
Бурош хьийзош горга.
«Дош» цIе йолчу стихотворенин цхьа дакъа:
ЦIарал довха – дош ду,
Шал а шийла – дош ду,
Дош доцург – дош дац.
Мазал мерза дош ду –
Дашал доккха дIовш дац.
Доьдий, дашо
Стаг во дашо,
Доьдий, тIаккха маьттазвоккху.
Дашо шерачу цу арахь
Дато гIала хIоттайо,
ГIалахь гIарол хIоттаво.
Поэзин яккхийчу жанрашкахь «ШагатIулг» легенда а, «Маьлхан поэма» а язйина поэта. Кибиев Мусбекан прозехь а болх бина. Цо яздина дийцарш: «Седарчийн чIара», «Дикане безам», «Жен жIаьла», «Расха говр», «Кхечанхьа лехна меттиг». Язйина шиъ повесть: «Эхь дайна тIелатар», «Бекхам», очерк «Аьчгапхьар». Царна зорбатоьхна 1988 шарахь араяьллачу «Седарчийн чIара» цIе ййолчу книги тIехь. Еа баснийн автор ву поэт: «Дахка», «Зов», «Чан лараш», «Пхьагал».
Арсанукаев Шайхис лаккхара мах хадабо Кибиев Мусбекан кхолларалли: «Нохчийн къоман поэзехь, шен хатI долуш, шен аз долуш, шен дуьнене хьежар а, шен дуьне довзар а долуш, билггал, лараме меттиг дIалаьцна ю М. Кибиевн стихаш, поэмаш, легендаш. Уьш къаьста дешархойн дегнашкахь цхьа сирла, догдика, къинхетаме синхаамаш гIиттош хиларца.
Шен хIумма а атта ца хиллачу дахарехь къамелашна, дозаллашна, хьехамашна, кхайкхамашна башха тIера ца хиллачу авторан ерриге а кхолларалла кхойкху адамашка ойлаяларе, собаре, нийсоне, вовшийн лараре, бартхиларе, кхойкху вайн генарчу дайша, тIаьхьено – тIаьхьене луш, таханенга кхачийначу, хIинца де-дийне гIеллуш, духуш лаьттачу нохчийн оьздачу гIиллакхашна, ламасташна тIе юхадерзаре».
Нохчийн хIинцалерчу литературехь мехала ю Кибиев Мусбекан поэтически кхолларалла. Бакъду, цуьнан исбаьхьаллин дашах кхоччуш марзо эцархьама, литературехь мелла а зеделларг долуш хила веза.
Кибиев Мусбек кхелхина 1997 шеран 16 ноябрехь ша винчу юьртахь Веданахь.
ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА ПОЭТАН КНИГАШ
НОХЧИЙН МАТТАХЬ
Ши зама. Стихаш. Грозный, 1962.
Наьрташ. Стихаш Грозный, 1964.
Денойн чам. Стихаш Грозный, 1969.
Шийла цIерш. Стихаш, баснеш. Грозный, 1975.
Лаьттан куьзга. Стихаш, легенда. Грозный, 1984.
Беттан догIа. Грозный, 1985.
Седарчийн чIара. Повесташ, дийцарш, очерк. Грозный, 1988.
Хьекъалан бохь. Грозный, 1992.
Хаьржинарш. Стихаш, поэмаш, баснеш, проза. М.2012.
ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Вершина разума. Стихи, поэмы. Грозный, 1993.
Лунный дождь. М., 1995.
СЕВАСТОПОЛЬ. В Севастополе простились с капитаном 1 ранга Валерием Николаевичем Транковским
СЕВАСТОПОЛЬ. В Севастополе внесли изменения в государственную программу развития образования
СЕВАСТОПОЛЬ. Правительство Севастополя утвердило отчет об исполнении бюджета за 9 месяцев
«Паст»: Азербайджанцы в России превратились в настоящую головную боль
АБХАЗИЯ. О спокойной обстановке на курортах Абхазии рассказали туроператоры
КЧР. Рашид Темрезов: «Архыз» стал лучшим горнолыжным курортом в СКФО
АБХАЗИЯ. Оппозиция заблокировала здание правительства в Абхазии
АБХАЗИЯ. Кто главный в Абхазии сегодня: полномочия, выборы и список всех президентов