Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ (1947)


Просмотров: 1 834Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

На фото: Шайхиев Iалвади

Арсанукаев lабдулла.


Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза болх беш волу. Оцу хенан юккъехь араяьлла цуьнан 17 книга. Алссам стихотворенеш, дийцарш, статьяш, очеркаш арайийлина юкъарчу гуларшкахь а, муьран зорбанехь а.


Шайхиев Iалвади вина 1947 шеран 12 апрелехь Киргизерчу Ошски областан Мирза-Акински районан Октябрьски юьртахь ахархочун Хасмохьмадан доьзалехь. Школехь дешар киргизийн маттахь дIадолийна, Октябрьски юьртахь киргизийн маттахь бен школа ца хилла. 1953 шарахь ШайхиевгIеран доьзал Сулюкта гIала кхелхина бахча, цигарчу школехь дешна кIанта. «1957-чу шарахь Киргизера Даймахка цIадирзича, тхайн юьртарчу (Нажин-Юьртан кIоштара Замай-Юрт) юьхьанцарчу школан 4-чу классе деша вахара со, – яздо Шайхиев Iалвадис «Даймохк» газето 2013 шеран 5 октябрехь зорбатоьхначу шен дагалецамашкахь.


– Хьалхара кхо класс киргизийн маттарчу школехь чекхъяьккхинера ас, цундела нохчийн маттахь яздан а, деша а ца хаьара. Юьртарчу школехь нохчийн мотт хьоьхуш Гойтемиров Висарсолта вара. ХIинца хаьа, говза хьехархо хиллера иза.


Шо даьлча шерра нохчийн маттахь яздан а, деша а Iемира суна, ткъа коьртаниг, ненан маттахь йоьшуш самукъадолура… Тхайн юьртахь юьхьанцара школа бен цахиларна, кхидIа деша лулара юьртарчу школе вахча а, сан дешаран тIехь тергояр ца дитира Висарсолтас. ХIара еша, важа еша олий, нохчийн маттахь книжка, журнал, газет лора. Лакхарчу классашкахь, юха а цуьнан Iаткъамца хир дара иза, цхьацца йозанаш дан воьлча, дуьххьара сан и къайле евзинарг а Висарсолта вара. Шена тIаьхьа а хIоттийна, районан а. «Ленинан некъ» а газетийн редакцешка а кхийлира. Дуьххьара цо вовзийтира суна Айдамиров Абузар а, тIаьхьо Окуев Шима а, кхиболу яздархой а. Со билггал тешна ву, поэзин атта боцчу новкъа со валар, сайн дуьххьарлера нохчийн меттан хьехархо Гойтемиров Висарсолта бахьана долуш нисделла хиларх».


Шайн юьртахь юьхьанцарчу школехь дешна ваьлча, Шайхиев Iалвадис Галайтахь 5–6 классашкахь, Мескитахь 7–8 классашкахь дешна, цул тIаьхьа Нажин-Юьртара юккъера школа-интернат чекхъяьккхина.


1964 шарахь Замай-Юьртарчу школе хьехархочун балха вахна Шайхиев Iалвади. Школехь цхьана шарахь болх бинчул тIаьхьа, 1965 шеран октябрь баттахь, Нажин-Юьртан партин райкоман секретара кхайкхина дIа а вигна, «Коммунизман маяк» газетан редакцин къинхьегамхойн кехатийн отделан заведующи хIоттийна. 1965 шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан историко-филологически факультетан нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархой кечбечу отделени заочно деша вахна.


«Коммунизман маяк» газетехь деа-пхеа шарахь болх бинчул тIаьхьа, 1970 шарахь «Ленинан некъ» газетан редакце схьавалаво Шайхиев Iалвади. Оцу газетийн редакцешкахь кхиамца болх бина цо. Журналистан говзалла караерзца цхьаьна, газеташкахь болх баро гIо дора исбаьхьаллин литературин корматалла кхиарехь а.


Шайхиев Iалвади 1973 шеран гурахь Советски Эскаре гIуллакх дан вигна. ХIара яздархочун корматалла йолуш вуйла хиъча, кхунна тIе диллина ша гIуллакдеш волчу эскаран декъан истори язъяр. Эскарехь кхочушдечу кхечу дерриге гIуллакхех мукъа а витина и болх язбар тIедиллина керла веанчу салтичунна. Болх язбина ваьлча, совгIатна эскарера мукъа а витина, цIа вохуьйтур ву а аьлла. Шайхиев Iалвадис лерина кхочушдина шена тIедиллинарг. Шайн эскаран декъан истори яз а йина, иза хьаькмашна йовзийтина. Цара чIогIа реза хилла, къобал бина кхуьнан болх. «50 лет на боевом посту» цIе а йолуш, 1975 шарахь Москвахь зорба а тоьхна, араяьлла и книга. Шайхиев Iалвади, шаьш ма-аллара, эскарехь яккха езачу хенал хьалха мукъа а витина, 1974 шеран август баттахь цIа ваийтина.


Ша миччахьа хилча а, муьлххачу а балхахь велахь а, поэзица йолу кхоллараллин уьйраш юьтуш ца хилла /алвадис, яздархочун корматалла караерзош, исбаьхьаллин литературехь болх бар шардеш хаддаза къахьегна цо. Москва деша а вахна, 1979 шарахь М. Горькийн цIарах йолчу литературни институтехь Лаккхара литературни курсаш чекхъяьхна.


Тайп-тайпана белхаш бина Шайхиев Iалвадис. Цхьана муьрехь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан уиниверситетехь нохчийн литература хьоьхуш болх бина. 1980 – 1990 шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзехь юьхьанца пропагандин бюрохь балх бина, тIаккха «Орга» альманахан редактор лаьттина. Цигахь болх беш Iалвадина юххера бевзина нохчийн цIеяххана болу яздархой Мамакаев Мохьмад, Сулаева Мохьмад, Ахматова Раиса, кхиберш а, цара гIо-Iуналла а дина къоначу поэтан. Айдамиров Абузаррий, Окуев Шимий хьалххе вовзийтинера Iалвадина шен хьехархочо Гойтемиров Вахарсотас. Цу шинний гIоьнца дуьххьара литературин новкъа валар нисделира шен, олу поэта. ТIаьхьа шен дагалецамашкахь доккхачу баркаллица яздийр ду цо шена гIо дарехь комаьрша хиллачу оцу яздархойх лаьцна.


Соьлжа-ГIалахь «Литературная Чечено-Ингушетия» журнал схьадиллича, цуьнан редактор хIоттийна Шайхиев Iалвади. Юьхьанца хилла цIе а хийцина и журнал арадийлина Нохчийчохь тIемаш болабаллалц. Кхин метта а ца хIоттийна. Цул тIаьхьа Шайхиев Iалвадис Хасав-Юьртахь нохчийн маттахь архоьцучу «Халкъан аз» газетан отделан редакторан болх бина. 2007 шарахь Соьлжа-Г/ала цIа а веана, оьрсийн маттахь арадолчу «Вайнах» журналан поэзин отделан редакторан балха хIоьттина. ХIинца «Орга» журналан редакцехь балхахь ву.


Шайхиев Iалвади яздан хьалхе волавелла, шен 13 шо долуш язйина цо дуьххьарлера стихаш. 1962 шарахь 14 октябрехь арадаьллачу «Ленинан некъ» газет тIехь зорбатоьхна Шайхиев Iалвадин «Накъост, хаалахь» цIе йолу стихотворени. Иза поэтан зорбанехь араяьлла дуьххьарлера стихотвлрени ю, оцу хенахь 9 классан дешархо хилла кIант. Нажин-Юьртахь школан дешархо волуш Iалвадига кхайкхина Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзо дIахьочу къоначу яздархойн семинаре. Поэзин секцехь йийцаре йина /алвадин стихаш. Цхьаерш зорбане магийна. 1963 шарахь «Ленинан некъ» газетан агIонаш тIехь а, «Орга» альманах тIехь а зорбатоьхна «Лаьттан дай», «Даймахке маршалла», «Комсомольцан дош», «Къинхьегаман марш», «Заманан мохехь» цIерш йолу стихотворенеш. Иштта дIаболабелла поэтан кхоллараллин некъ. Оцу муьрехь къоначу поэтан стихаш арайийлина муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а.

Шайхиев Iалвадин хьалхара книга араяьлла 1969 шарахь. Иза «Синхаам» цIе йолу стихийн гулар ю. Цу тIехь зорбатоьхна авторан хIетахь язйинчарах тоьлла йолу стихаш. Царах ю: «Поэзи», «Нана ю хьоьжуш», «Синхаам», «КIац», «БIаьстенан дийнахь», «Гуьйренан амалш», кхийолу а стихаш. «Синхаам» гуларх лаьцна литературни критика Бурчаев Хьаьлима яздина: «Къоналлин шовкъ, дахарх воккхавер, Даймахке, Iаламе, нене, езачу йоIе, доттагIашка безам – уьш ду оцу жимачу гуларо шена чулоцурш. Ткъа цаьрца цхьаьна, ша хаьржинчу къилбанна – кхоллараллехь къахьегарна – тешаме виса лаам а, оцу некъан жоьпалла шена дика хаар а довзуьйту цо шен хьалхара байташ ешархошна:


КIиллошха ца гIерта
Раз муцIар сетто,
Жуккарех идабац
Харц новкъа пал.
Хьацаран дуьралло
Яйн хьожа гIиттош,
Ас лоьху хьаналлин
Даьккхина хьал.


Ма ала, поэзин
Болх бу сов атта –
Поэзи лору ас
Ламанан бохь.
КIезиг бу, хевшина
Сийлаллин нуьйра,
Тоьхна берш халкъашка
Даггара мохь.


Шайхиевн лирикин къоначу турпалхочун жимчохь йина ойланаш адамаш лелачу некъех лаьцна ю. Уьш хьийзина я нийса гуш, цу некъийн хьеший муьлш бу-те? дахаран некъаш доьхначех мила ву-те? – бохучу хаттарша садуу цуьнан.


…Ас нене хоттура тIаккха:
«ДIо некъо кхачаво стенга?
Хьенан ницкъ кхаьчна и баккха,
Цу новкъа боьлху нах хьаьнга?»


Амма нанас делла жоп и кхетош дац, хIунда аьлча «цу дешнийн маьIна деш, кхета, со хIетахь бер дара доккха», – боху Iалвадис.


Ишттачу хаттаршна жоьпаш дахаран некъаша ло, «къоналла хьаьрчина дегIах», пешан кхерчан са ларбеш ца Iавелла, «аьрхалло акхаваьккхинчунна». Цо «идадо дорцан некъаш, Iаламца къийсаме вуьйлу. Хедайо ламанийн зIенаш, аьрзунах тIам лестош шуьйра». Къоналлин алуно зевне доху цуьнан деган мерзаш, Даймахках, бIаьстенах, безамах иллеш дохуьйту. Оцу цIеначу, лаккхарчу синайамаша араваьккхина, дахаран маьIна лахаран «некъаша дIавоьхучунна» «кховдадо вертанан тIемаш». Шен мехкан, дайн некъаш гездеш лелачу хенахь хезначо а, гиначо а сацамболлуш ойла а, Iалашо а билгалйоккху цунна:


Соьгахь ю сан халкъан тахне,
Даймехкан кхане а ю.
Цушимма куьг лаьцна варна,
Билггала со ирсе ву.


Хинволчу поэтан Шайхиев Iалвадин кхоллараллин ницкъех тешош могIанаш кIезиг дац ткъе итт сов стихотворенеш юкъаяханчу цуьнан дуьххьарлерчу гуларехь: «Нана ю хьоьжуш», «КIац», «БIаьстенан дийнахь», «Гуьйренан амалш» цIерш ерш лаккхара синхаамаш говзачу нохчийн маттахь схьабеллар ду.


Шайхиев Iалвадин «Синхаам» цIе йолу хьалхара гулар, вай лакхахь ма-дийццара, къоначу деган синхаамаша дахаран хаттаршна жоьпаш лаха новкъаваьккхинчу жимачу стеган дог-ойла ястар ду ала догIу».


Шайхиев Iалвадин цIе нохчийн литературехь чIагIлуш дIаяхара цуьнан араюьйлучу керлачу произведенешца. Поэтан стихийн шолгIа гулар яра 1971 шарахь зорбанера араяьлла «Безаман алу». Цу тIерачу стихашкахь гуш дара поэтан исбаьхьаллин дош кхуьуш хилар. Теманашца, ойланашца, исбаьхьаллин басаршца гIеххьа шуьйра ю поэтан шолгIа гулар хьалхалерчуьнца юьстича. Лирически турпалхочун кхетам мелла а кIаргбелла, цуьнан ойланаш шуьйра ю, лаамаш беркате бу:


Безам бу, ткъес хилла,
Сан дагчохь богуш,
Сан халкъан цатемаш,
Темаш а
Берзийна шега.
Лаьар-кха къурд байта,
Хьогалла йойуш,
Сайн иллех,
ТIаккха со хир вара
Суо ирсе хеташ.


Лаьар-кха,
Олхазарх
ТIам тоьхна шуьйра,
ХIоранна дегнашкахь
Зевнечу иллин
КIеж тийса.
ХIора а заманан
Ирсечу нуьйра хаийна,
Воккхавеш цу ирсах
Iабо сайн кийра.



«Ойланаш»


Кхузахь мелла а билгалйолу поэтан дхаран Iалашо а, цо поэзина хьалха хIитош болу лехамаш а.


Шайхиев Iалвадин кхоллараллехь шаьш лаьтташ ю цуьнан «50 лет на боевом посту», «Яьссин къоналла» цIерш йолу прозин книгаш. Оьрсийн маттахь язйинчу «50 лет на боевом посту» цIе йолчу книги тIехь Шайхиев Iалвади эскарехь волчу хенахь цо гIуллакхдеш хиллачу эскаран декъан истори ю, цуьнан командованин тIедилларца язйина. Иза зорбанера араяьлла 1975 шарахь Москвахь.


«Яьссин къоналла» – очеркийн гулар ю. Цуьнан чулацамехь авторна юххера бевзаш болчу юьртабахаман къинхьегамхойх лаьцна 7 очерк ю: «Лаьтто Iамийна вайн мотт», «Дезде деана юьрта», «Тхо кханенга хьуьйсу», «Оцу халачу шерашкахь», «Аренашкахь са хьалхе даьржа», «Кераюккъехь седарчий», «Яьссин йистехь хезна дийцар». Оцу очеркийн тексташкахь хаало уьш язйинарг поэт хилар, лирически произведенешкахь санна, авторан дегайовхо ю цаьрца. Шен турпалхой «догцIена, комаьрша адамаш» хиларх, церан къинхьегаман хьуьнарех воккхавен автор. Iаламан исбаьхьалла гайтар, авторан айаме синхаамаш текстехь хаалуш хилар ю оцу очеркийн исбаьхьбаллин шатайпаналла. Шен турпалхойх лаьцна автора яздо: «Уьш малхо кхерзина яххьаш а, балхо берчаш яьхна куьйгаш а долу адамаш, суна гергара а, хьоме а хилла дIахIиттина. Цаьрца долу хIора цхьаьнакхетар, дагна боккха там беш, сан дахарехь шатайпанчу маьIне хуьлий дIахIутту.


Сан самукъадолу цара лаьттан хьокъехь къамелаш деш, сан самукъадолу цаьрца ламанан юьртахь Iуьйренаш а, суьйренаш а тергалъеш. Сан самукъадолу цаьрца, царна юккъехь». Ишттачу юьстахвийларшкахь автора шен ойланаш йоькъу йоьшуш волчуьнца, иза даггара тешаво ша дуьйцучух. «Яьссин къоналла» очеркийн гулар араяьлла 1977 шарахь.


Шайхиев Iалвадин рогIера гулар «ГIа-буц» араяьлла 1978 шарахь. Цу тIехь 43 стихотворенешца цхьаьна зорбатоьхна ю гуларна цIе елла йолу поэма «ГIа-буц» а. Оцу гуларан дешхьалхенан автор волчу поэта Осмаев Асланбекан цуьнан чуламах лаьцна яздина: «…Iалвадис дуьйцург, тешориг, кхайкхориг – шена даггара везачу, ша даггара лоручу таханлерчу ешархочун синхаамечу ойланашкахьа дерзина ду. «Хьоьца хьайцца» къамел деш, хьох дагаволуш ву и догцIена ламанхо. Хьо шен философин ойланех, чолхечу дахарехь ша бечу тидамех кхета, шен ирс хьоьца декъа чIогIа лаьа цунна. Цундела, дуьйцучун бухе хьаьжжина, тайп-тайпана бу стихийн мукъамаш».


«ГIа-буц» цIе йолу поэма нохчийн легендин буха тIехь язйина ю, иза «Вайнехан дийцар» аьлла, билгалъяьккхина автора. Нохчийн къоман Iадаташ, ламасташ талхош инзаре тешнабехк бина Муцас шен доттагIчунна Гелина, шена езаш хилла йоI ЗагIа цуьнга яхар бахьана долуш.


Тешнабехкаца ша Гела вер къайладахна моьттуш, ЗагIа а ялийна, цуьнца вехаш ву Муца. Амма зулам бекхам боцуш ца дуьсу.


Дыхаев Вахас шен «Шайхиев Iалвадин кхоллараллехь даймехкан, халкъийн доттагIаллин, машаран мукъамаш» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Цхьана а заманчохь а тешнабехк, ямартло къайла ца яьлла. Нравственни цIена, тешаме хиларе кхойкхуш ду «ГIа-буц» цIе йолу дийцар. Автора кIеззигчу басаршца дагахь лаьттар долчу кепара кхоьллина цу тIехь ЗIагIин а, Гелин а васташ. Иштта гойтуш ду хIеттахьлера вайнехан дахар-Iер, церан амалш, оьзда гIиллакхаш, массо хенахь а доллучул деза а, сийлахь а ламанхоша лоруш хилла долу.


Нравственни бакъонех ваьлла, мел боьхачу а некъашца, гонах мел берш юьстах дIа а тоьттуш, шен лаам, ала тарлахь Iалашо кхочушъян дIагIертар атта-м ду стагана, амма дахарехь зеделла ма-хиллара, боьхачу некъашца даьккхина лааман мутт дIовше доьрзу. Иштта нехан еза кхиэл тIеоьцу Муцас а».


Шайхиев Iалвадис литературехь эвсараллица болх бина хан ю дIадаханчу бIешеран 70-гIа – 80-гIа шераш. 1980 шарахь араяьлла цуьнан «Синпха» цIе йолу стихийн гулар. «Сан иллеш», «Аве-Мария», «Нэстинарки», «Мцхетера шахьар», «Са ма гатде», «Кхолламца къамел», «Ахь соьца ма дуста…», кхийолу а мехала чулацам болу стихотворенеш ю гулар тIехь зорбатоьхна. Амма хIетахьлерчу литературни критикехь билгалдаьккхинера «Синпха» гуларан чулацам шеца мелла а сакхташ долуш бу, аьлла. Яздархочо Яхъяев Лечас оцу книгех лаьцна йолчу шен «Стенна сагатдо поэта» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Кхоъ гергга зорбанан лист барам болчу сборникана юкъаяхна стихаш коьртарчу декъана «нана – езарг – нийсархой – ша поэт» готта го чулоцуш бен яц. Дийнна схьаэцча хила йогIучул алсамха хетало «кешнийн» шело хьакхаелла ойланаш – «упханан къоралле вижча», «коша тIе зезаг», «безаман Iожалла», «со-м дийна вацара», иштта дI.кх.а. …Меттан сакхташ кIезиг ца нисло сборникехь. Дашах нийса пайдаэца ка ца даларо талхадо цуьнан маьIна, бодане дуьту хIоттош долу сурт. Литературни маттаца йогIуш яц хIара форманаш а: цаьрцанна (110 агIо), соьцанна (51 агIо). …Билгалдаккха деза хьалха арайийлинчу книгашца юьстича, хIара тIаьхьарниг исбаьхьаллин агIорхьара гIеххьа ледара хилар.


Амма шен серлонах юьзна, дахаран Iаь кхетта, адамийн дегнашца цхьаьна етталуш, церан дика гIуллакхаш хестош, волчуьнца къуьйсуш еха бакъйолу поэзи. Сингаттаман дохк Iилла ца еза авторан могIанашна тIехь».


Шайхиев Iалвади вуьрхIитта книгийн автор ву. Лакхахь вай хьахинчарал совнаха зорбанехь араевлла поэтан книгаш: «Стогаллин бIаьвнаш» (1986), «Эхь-бехк» (1990), «Iожаллел лекха ду дегнаш» (2012), «Безаман декхар» (2014). Оьрсийн маттахь:«Огонь в очаге» (1975), «Багряный листик тополя» (1983), «Ночные птицы» (1986), «Башни чести» (1990), «Заповедь»
(1990). Шайхиев Iалвадис 1997 шарахь Дыхаев Вахица цхьаьна хIоттийна «Нана-Нохчийчоь» цIе йолу нохчийн поэтийн стихотворенийн гулар, иштта Дыхаев Вахица цхаьна язйина 10-чу классана нохчийн литературин учебник а (2009).


«Безаман декхар» авторан коьрта книга ларало. Иза яздархочун арайийланчарах уггар йоккханиг ю. Книги юкъаяхна Шайхиев Iалвадин ерриг ала мегар долуш произведенеш. Цу тIехь зорбатоьхна ю 182 стихотворени; 8 поэма, берашна шиъ туьйра, очерк, эссе, «Кхаж» цIе йолчу романан дакъош, «Бетарсолтас дуьйцу» цикл юкъара 4 дийцар, нохчийн 7 яздархочух лаьцна авторан дагалецамаш.


Шайхиев Iалвадин поэзи дуккха а хIуманан ойлайойтуш ю. Даймохк а, нана а; дахаран чолхенаш а, адамийн кхолламаш а; доттагIалла а, безам а; гIиллакх-оьздангалла а, ямартло а; жоьпалла а, тIаламазалла а; мехкан Iалам а, и Iалашдан дезар а – иштта шуьйра бу цуьнан лирикин, эпически поэзин чулацам.


Поэтан лирически турпалхо даим лехамехь, къийсамехь ву:


Со дахаран хIорда чохь ловзу,
Дерачу тулгIешца къуьйсуш,
Заманан къайленаш йовза
Лаьтта тIехь маьрша ког луьйзуш.


Аьрзунах вуьйлу со тIома,
Iаламан маьIданаш оьхку.
Ца хIуттуш дуьхьлонна гора,
Сайн дин ас хьалхахьа хоьхку.


ХIор денна къийсаман новкъахь
Мох хьоькхуш баьжна сан накха.
…Ас къуьйсу тулгIешца хIордан
Адамийн дегнашка кхача.



«Дахаран хIорда чохь»


Даймахкаца, халкъаца цхьаьна хиларца, царна хьанал, пайдехьа хиларца кхочу стаг сийлалле, боху лирически турпалхочо: «Сий даккха хьо новкъа волуш, Къонаха, диц ма делахь: Сий хир ду махко а лоруш, ЦIа некъ бахь, гIел ца луш, ахь!».


Махке беанчу баланах юьзна ю «Нохчийчоь – 1995» цIе йолу стихотворени, амма поэта чагIдо: къоман доьналлица, цуьнан кIентийн хьуьнаршца юха цIинлур ю Нохчийчоь:


Ламазаш ас кIезиг дира-те хьуна?
ДоIанаш хьурмате хиланц-те хьуна?
Я бIаьрхиш ца тоьи, къурдаш ца тоьи –
ХIун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь?


БIаьрхил а язъелла тхуна тхайн Iуьйреш,
Балано са сендой тIекхочу суьйреш.
Тезеташ – массанхьа. Белхарш ца тоь –
ХIун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь?


ТIом кхехка. Чхьагбуьйлу иза де-дийне.
Азаллехь дуьйна а хьо-м тIамо зийна.
ХIинца а цо зоь хьо. Хьан кIентий зоь –
ХIун сардам баха хьох, сан Нохчийчоь?


Овкъаршна юкъара даим денъелла,
Кхоьллинчо лензалла хьуна ю елла.
Ян йиш яц, я йовр яц доцуш хьо доь,
Хьан кIентий мел лаьтта, сан Нохчийчоь!


Шайхиев Iалвадин кхоллараллехь яккхий лиро-эпически произведенеш а ю: «ГIа-буц», «Седарчийн ловзучу буьйсанна», «Лазаман лорах», «Жоьпалла», «ЧIагIо», «Безаман декхар», «Дорцан буса», «ЧайтаI» цIерш йолу поэмаш, «Дерачу кхолламан кхиэл» цIе йолу стихашкахь язйина повесть.


Лирикин жанран тайп-тайпана форманаш а, тайп-тайпана дIахIоттам болу стихотворенеш а ю поэтан кхоллараллехь. Масала, байтех лаьтташ ю хIара стихотворени:


Стаг велча, юьртахь зударий боьлху.
Зуда лахь, юьртахь зударий боьлху.


Тезетахь божарий гIайгIане лаьтта.
БIаьргех хи ца гойтуш, ойлане лаьтта.


ГIиллакх ду иштта и схьадеъна ломахь.
Амма кхин цхьа гIиллакх схьадеъна ломахь:


ЦIий Iано дов гIаттахь дош даше даьлча,
Дов духу, зударийн мохь-цIогIа даьлча.


Вайх хIора ларван уьш ницкъ болуш хилла.
ХIоранна там бан уьш комаьрша хилла.


Ткъа тахна тезет ду: зуда дIаяьлла.
Дахаран хIу тесна, иза дIаяьлла.


Хьаста вай цкъа а и кара ца эцна.
Ткъа тахна хьош ю и, белшаш тIеэцна.


Делхийша, адамаш! Тийна ма лаьтта?
Зуда яц – Нана ю кховдош ерг лаьтте!


Зударшка, наношка болчу лаккхарчу лерамца язйина хастаман гимн санна ю и стихотворени. БархI байтах лаьтташ ю иза. Байт – шина могIанан строфа ю. Байтехь йолу ши стих вовшашца рифмица йозаелла а хуьлу, рифма йоцуш а хуьлу. ХIокху стихотворенехь хIора байт рифма йолуш ю, цуьнан ши стих зударийн рифмашца вовшах йозаелла ю. Поэтан стихкхоллараллин говзаллин цхьа агIо билгалйолу оцу стихотворенехь а.


Шайхиев Iалвадин стихаш арайийлина ингалсан, французийн, немцойн, японийн, Iаьрбийн, кхечу а меттанашкахь.


Нохчийн хIинцалера поэзи дебаш ю Шайхиев Iалвадин лирикица.


ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА АВТОРАН КНИГАШ


НОХЧИЙН МАТТАХЬ


Синхаам. Стихаш. Грозный, 1969. Безаман алу. Стихаш. Грозный, 1971. Яьссин къоналла. Очеркаш. Грозный, 1977. ГIа-буц. Стихаш, дийцар. Грозный, 1978. Синпха. Стихаш Грозный,1980. Стогаллин бIаьвнаш. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1986. Эхь-бехк. Грозный, 1990. Нана-Нохчийчоь. Нохчийн поэтийн байтин гулар. Хоттитйнарш: В. Дыхаев, I. Шайхиев. Махачкала. 1997. Нохчийн литература. 10-чу классана учебник. Грозный. 2009. (В.А. Дыхаевца цхьаьна). Iожаллел лекха ду дегнаш. Стихаш, 2012. Безаман декхар. Поэзи. Проза. Грозный, 2014.


ОЬРСИЙН МАТТАХЬ


Огонь в очаге. Стихи. Грозный, 1975. 50 лет на боевом посту. М., 1975. Багряный листик тополя. Стихи, поэмы. Грозный, 1983. Ночные птицы. Стихи. М., 1986. Башни чести. Стихи. Грозный, 1990. Заповедь. Стихи. М.,1990.



Источник: chechnyatoday.com


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

НОВОСТИ. Дайджест

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"