Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

МАМАКАЕВ ЭДУАРД


Просмотров: 4 209Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

На фото: Мамакаев Эдуард

Мамакаев Эдуард вина 1939-чу шеран 28-чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби 1942 шарахь бен а бехк боцуш Iедало лаьцна чу а воьллина, 10 шо хан тоьхна сибрехь хьажийна. Шен ден ненаца Iаш хилла жима Эдуард, иза а кхелхина висча, шен ден йишас кхиийна.


Нохчийн къам махках даьккхича, Казахстанан Джезказгански областан Нурински районехь Iийна Эдуард. ЦIийнда а кхелхина йисинчу ден йишас Тамарас шен пхеа бераца цхьаьна хьалакхиийна иза. Эдуарда доккхачу баркаллица дагалоцу шен ден йиша.


Школехь 5 классехь доьшуш волуш, «Горы, я люблю вас» цIе а тиллина ша язйина стихотворени хьехархочунна гайтина Эдуарда. Шерачу аренца Iуьллучу юьртахь вехачу кIантана лаьмнаш дагадахкар шен даймахке сатийсар хилла. БархI могIанах лаьтташ йолу и жима стихотворени хьехархочо то а йина, школехь арахоьцучу пенан газета тIе тохийтина. БархIалгIачу классе ваьлча-м кIанта шен стихотворенеш Алма-Атахь арадолучу газете а яхьийтина. Оьрсийн маттахь язйина Эдуарда шен бераллин стихотворенеш. Поэтан кхолларалла-м нохчийн маттахь ю.


Сибрехахь хан текхна ваьлла Мамакаев Iаьрби Соьлжа-ГIала цIа веана 1957 шарахь. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча махках ваьккхинчуьра цIа веана Мамакаев Эдуард а. Амма кIантана дех марзо эца йиллина хан Iаламат кIезга хилла. Дай, кIантий цхьаьнакхетта ши бутт а балале цIаьххьана кхелхина Мамакаев Iаьрби. Лагершкахь лайна хало, текхна Iазап хир дара шовзткъа шо кхаьчначу, гIеметта хIоьттинчу, ша Даймахка цIаверзарх воккхавеш лелачу поэтан дог цхьаьххьана сацийнарг. Бакъду, ша иштта хьалхе дуьненах вер вуйла хууш санна, кIантана стихашкахь весет дита-м кхиана Мамакаев Iаьрби:



Варий, кIант, нахаца
Тешам берг товш ву.
Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна,
Стаг волчо вон-дика
Цхьабосса ловш ду,
Ахь гIиллакх ларделахь,
Вайн дайша санна.



Вайнехан хьал-де ахь
Хийра гIуллакх ларахь,
Хьо къонах воцийла
Хаалда хьуна.
Вуьззина нохчийн кIант
Сайн воI ву алахь,
Ирсан да со хеташ,
Там хир бу суна.


Вайнехан хьал-де ахь


Хийра гIуллакх ларахь,
Хьо къонах воцийла
Хаалда хьуна.
Вуьззина нохчийн кIант
Сайн воI ву алахь,
Ирсан да со хеташ,
Там хир бу суна.




Мамакаев Эдуард Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институте деша вахана. Цо 1963 шарахь чекхъяккхина историко-филологически факультетан оьрсийн мотт, литературий, нохчийн мотт, литературий хьоьхуш йолу отделени. Мамакаев Мохьмадана леринчу «Диканца йоккхийла хьан цIе» бохачу шен статья тIехь Эдуарда яздо: «1963 шарахь, институт чекхъяьккхина ваьлча, со, кхиболу къона говзанчаш санна, Iедало билгалйинчу метте балха ваха декхарийлахь вара. ХIетта кхоллалуш яра вайн республикехь телевидени а. Тхо масех стаг (Насрдинов Ваха, Юсупов Султан, Багданов Виктор, Кусаев Iадиз) телевиденехь болх бан хьовсош вара. Со реза ца хилира, суна юьртахь школехь болх бан лаьара. Суна гергахь, хIетахь сан коьрта декхар. Сайн патриотически дог-ойланца а догIуш, хIинцца денлуш йоллучу (юхакхоллалуш йолчу) республикан уггаре оьшшучу гIаролле дIахIоттар дара.


– Хьо мелла а кхоллараллин амал йолуш а ву, – элира соьга Мохьмада. – Ахь журналистийн курс а яьккхина, цул совнаха, суна а, Iандарбекана а, Бисолтина а хьо я радиокомитетехь, я телестудехь сецча, бакъахь хета.


Ас, сайна хетачу кепехь, со юьртахь ваха лааран бахьана дийцира.


– Со Iаламат воккхаве, Эдик, иштта йолчу хьан ойланех. Хьан дена а хетара дара иштта. «Сайн кIанте» цIе йолу цуьнан стих дагайогIий хьуна?


– ЙогIу.


– Иза бисмал-этхьаг санна, даг чохь латто езаш ю хьуна. Иза хьоьга а, хьо санначуьнга а хIора дас дендолчух весет ду.


Доцца аьлча, со сайн декъаза сал-пал а эцна, Iаьрбин доьзална ло аьлла, квартирна елла ордер а карахь Лаха-Невре дай баьхначу керташка ваха схьавеара. Тахана а циггахь Терк а, дайн кешнаш а гIовлехь а долуш, Iаш а ву».


Цу тайпана, Мамакаев Эдуард институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа Лаха-Неврерчу юкъерчу школе хьехархочун балха вахна. 1965 шарахь Надтеречни районан комсомолан комитетан секретарь хаьржина. Цул тIаьхьа районан газетан редакцехь жоьпаллин секретаран а, республикански «Ленинан некъ» газетан корреспондентан а белхаш бина. 1980 шарахь дуьйна Надтеречни районан партийни а, советски а органашкахь иттех шарахь болх бина. Iаламат доккха гIуллакх дина цо шен ден цIарах литературно-мемориальни музей вовшахтухуш. Цо дуккха а шерашкахь къахьоьгуш гулйина Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна Iаламат мехала материалаш. Оцу музейн директор хIоттийна иза 1990 шарахь. Мамакаевт Iаьрбин пхиъ книга араяьлла Эдуарда зорбане кечйина.


Мамакаев Эдуард 2003 шарахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхо а, правленин председателан хьалхара заместитель а хаьржина. Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин председатель хаьржина.



Поэтан стихаш зорбане йовла юьйлаелла студент волчу хенахь, 1950-гIа шераш чекхдовлачу – 1960-гIа шераш дуьйлаучу муьрехь. Газеташ тIехь, альманахан агIонаш тIехь зорбатухуш, радиохь, телевиденехь йоьшуш гучуевлла цуьнан хьалхара стихаш. Цуьнан дуьххьара араевллачу стихотворенех ю «Керла шо». Еа строфах лаьтташ ю стихотворени. Хьалхара кхо строфа:


Маса лела,
Сахьта цамза.
Буьйса, юккъе кхача хьо!
Баьрче ваккха
КетIа хьийза
Веза хьаша – Керла шо!



Маршалла ду
ГIура-Даде
Массо берера даггара!
Баркалла ду,
Кху тхан хазне
Ёлка ярна геннара!


Пана махкахь
Кхиъна Ёлка
Дашо духар доьхна ю.
Вайн аьзнаш а
Ирсе дека,
Вайх дIо седа хьоьгуш бу.



Стихотворенин дIахIоттамца, стих цхьана могIанехь чекх ца йолуш, вукха могIане яларца, интонацица, берашна язйина хиларца билгалйовлу кхузахь волалуш волчу поэтан тIаьхьа гучудаьндолчу кхоллараллин хотIан цхьайолу агIонаш.



Мамакаев Эдуардан дуьххьарлера книга – «ЧIамарниг» цIе йолу берашна леринчу стихин гулар – араяьлла 1971 шарахь. Цунна тIаьххье зорбане яьлла берашна язйина «Седарчий лийр дац» стихийн шолгIа гулар а (1971). Царал совнаха оцу муьрехь цо яздина дийцарш, очеркаш, кегий пьесаш, телесценареш. Уьш юьхьанца муьран зорбанехь арайийлина, цул тIаьхьа книгаш тIехь арахецна. Поэтан стихотворенеш зорбатоьхна нохчийн поэзин масех антологи тIехь а.


Иттех книгин автор ву Мамакаев Эдуард. Царах ю лакхахь цIе яьккхинчарал совнаха: «Берашший, малххий» (1979), «Гуьйренан догIа» (1987), «Бераш-кераш схьагулло» (2009), «Даймохк-нана» (2012), оьрсийн маттахь «Солнце − птица, не спеши садиться (1982), «Мама золотая» (2009).



Царалахь шатайпана хIоттийна книга ю «Даймохк-нана». Иза 624 агIонах лаьтташ йоккха книга ю, хаьржинарш аьлла, произведенеш гулйина. Поэзин, прозин, драматургин, публицистикин произведенеш ю цу тIехь эйина зорбатоьхна. Царах цхьайолу произведенеш нохчийн маттахь ю, важъерш оьрсийн маттахь ю. Уьш шина а маттахь ерш цхьаьна ялийна, вовшех къастийна йоцуш. Иштта цхьаьна ялийна прозин тайп-тайпанчу жанрашкахь йолу произведенеш а: статьяш, дийцарш, дагалецамаш, повесть, эссе, Мамакаев Iаьрбин мемориальни музейх лаьцна материалаш, кхидолу йозанаш а.


«Даймохк-нана» книга хIоттаяр мухха ларахь а, цу тIехь зорбатоьхначу произведенеша таро хуьлуьйту авторан ерриг кхоллараллех юкъара кхетам хила.


Мамакаев Эдуардан уггар евзачарах ю «Даймохк-нана» цIе йолу стихотворени. Композитора мукъам баьккхина, эшаре а ерзийчхьана, Нохчийчохь хаддаза хезаш ю и:


Нана санна, Даймохк беза,
Аьлла дита хIоттац со:
Дегабаам барна кхоьру,
Цунна ша ца хетча сов.


Даймохк!
Нана!
Стенца лара
КIанта шуьга безам шен?
Цхьа а терза
Дац и оза,
Хоьур бац и даг чу бен.
Даг чу бен.


Даймохк санна, нана еза,
? Аьлла дита хIоттац со:
Дегабаам барна кхоьру,
Нанас, ша ца хетча сов.


Мокхаз-бердах тулгIе санна,
Берах ваьржаш, геннара,
Маржа, Даймохк, ненах санна,
Хьан мара хьарча даггара!



Стагана уггар хьоме ерг нана ю, нене болу сийлахь безам бу. Иштта хьоме бу стагана ша вина, кхиана, шен дайша хазбина, ларбина, хIинца Iалашбар шена тIехь долу мохк – Даймохк. Нана, Даймохк – адаман дахарехь царал деза, царал лакхара, цаьрца цхаьна дало, цаьрца дуста кхин хIума дан а дуй техьа? Цу шиннах лакхара, деза муьлхарг ду бохург, адаман синхаамашкахь хила дезаш а дуй техьа? Иштта ойла йойтуш ю поэтан «Даймохк-нана» стихотворени.



Мамакаев Эдуардан лирикехь Терк, Теркйист, Теркан тогIе, вина юрт берриге Даймехкан символаш санна ю. Поэтан ойланехь хилла ца Iаш, цуьнан синхаамашкахь ю уьш, цуьнан синхьегам кхуллу цара. Лирически турпалхочун ойла екхаялар, самалхадалар, дог айадалар цаьрца ду.




Дахарехь кхехкачу
ГIалара волий,
СадаIа воьду со
Со винчу юьрта.
Геннара и гушшехь,
Самукъадолий,
ДIакхача сихлой, ас
ГIулч йоккху шортта.


ХIинццалца ца хилла
Аз хуьлу дагца,
Дош хьоьстуш, мотт керча,
БIаьрг хьежарх Iабац.
Дукха ю Даймахкахь
Хазна дог эца, ?
Делахь а дог къондан
И саннарг кхин яц.


Ваьлла со лелачохь
Амал сайн кхачийча,
Яхь хила езачохь
Вухург со хилча,
Дош эшна къовсамехь
Тола сан дезча,
Вина юрт ницкъ бала
Ю суна кийчча.


Терках дIакъаьстинчу
Татолах терра,
ГIорасиз хета со
Хервелла лелаш.
Кест-кеста воьду со
Тхан Лаха-Невре,
Терках а, кертах а
Дагавала дезаш.



«Винчу юьрта» цIе йолу и стихотворени лирически турпалхочун монологах лаьтташ ю. Дактилан барамехь язйина а йолуш, паргIат дечу къамелан кепехь дIайолалуш ю и. Хьалхарчу строфахь дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а шайца цхьа тайпа чолхе йоцуш, поэтически хала карчамаш боцуш, къамелан ритм кхуллуш ду. ШолгIа а, цунна тIаьхьа йогIу а строфаш лирически турпалхочун дог-ойла, цуьнан лаамаш, синхаамаш гойтуш ю. ХIор строфахь билггал болу синхьегам гучуболу. Кхузахь а бац чолхе исбаьхьаллин гIирсаш. Бакъду цхьа исбаьхьа дустар ду, даьржина дустар: «Терках дIакъаьстинчу Татолах терра, ГIорасиз хета со Хервелла лелаш». Иза говза далийна дустар ду, стихотворенин чуламца а, маьIница а догIуш, лирически турпалхочун ойланашца догIуш, цуьнан синхьегам гучубоккхуш.


«Винчу юьрта» стихотворени поэтан дикачарах ю.



Мамакаев Эдуардан стихашкахь цхьа цIаьххьана карайо говза метафораш, эпитеташ, исбаьхьа кхоьллина сурт, васт.



«Заманах ойланаш» стихотворени тIехь:


Муха ткъа Iалур ду
Дог, йиш ца лекхча,
ХIора а хьозанца
ТIам бетташ хилча.
ХIун бехк бу сан деган,
БIаьстенан зевнехь
НIаьвланца яхь къуьйсуш
И декаш хилча?



«КогашIуьйра гуьйре»:


Берзинчу когашна
КIархаш а тудий,
Шовданехь юьхь йила
ДIайоьду Iуьйре…
Ницкъ болуш велар со
И сацо, маржа,
И санна экаме
Дегнашчу варжа.


«Хьо гуш ца хилча…»:


БIаьстено хьаьстинчу
Сийначу бай тIехь,
Зезаго заздоккху,
Малх хьаьжча арахь.



Муьлххачу яздархочун произведенеш шайн исбаьхьаллин башхаллашца цхьабоса йоцуш, тайп-тайпана мехалла йолуш хуьлу. Царна юккъехь къаьсттина диканаш нисло. Ишттачарах ю аьлла хета Мамакаев Эдуардан «ГIарагIулеш» стихотворени:


ГIар-



гIулийн



гIийла



гIовгIа


Куро



гIергIа



къилбан



новкъа…


? Маршалла Теркйисте, ?


Цхьаммо соьга тIам шен ластий. ?


Тхо дIайоьлху



кхечу



бIаьсте.



Керла бIаьсте…


Хьенан даге


ЙогIуш хуьлу керла бIаьсте?!


Шуьга шарахь


шозза


ярах,


Суна-м цхьаъ ю,



мел со вахарх.



ТIаьхьахIотта тIемаш дац сан,


БIаьсте лаха меттиг бац сан,


Амма аш дIаяхна бIаьсте


Карлаяхарх,



дог ца хьостий.



Со-х, шу новкъаяха лиъна,


Веъна регIа, аш садиъна.


ГIаргIулеш, гIар-гIулеш,


Сан са дитий,


ГIойша шаьш…




ГIаргIулеш гуьйранна, моггIара жатташ а йина, гIоргIачу эшаршца меллаша дIайоьлхуш, царна тIаьхьа стигала хьаьла хьоьжуш лаьтта вай, гIеххьа сингаттамечу ойланца уьш тергалъеш. Синхаамийн и хIоттам бу поэтан исбаьхьалле берзийнарг. Куьцара стихашца йолайо автора стихотворени. Стигалхула дIайоьлхачу гIаргIулийн могIанех таръеш дIаязйина хьалхара ши стих:



ГIар-



гIулийн



гIийла



гIовгIа



Куро



гIергIа



къилбан



новкъа…



Царна тIаьхьа йогIачу цхьаццайолчу стихийн чаккхенаш а нисйина оцу кепехь Стихашкара аллитераци а шен маьIна долуш ю, гIаргIулийн эшарех тарлуш ека стихаш. МаьIна долу дешнаш рифма кхуллуш а ду, юхааларшкахь далош а ду. Цхьатерчу форманашкахь долу хандешнаш юх-юххехь далийна. Поэтана исбаьхьаллин форма карийна шен лирически турпалхочун синхьегам гучубаккха.



Мамакаев Эдуардан стихотворенеш юккъехь нисло нохчийн барта эшарех таръеш язйина стихаш а. Масала, «Дагахьбаллам биси суна»


Кху Iуьйренех дог ца леташ,
Кху суьйренех дог ца леташ,
Хьо воцчуьнга дог ца лаьтташ,
Ас йиъна хан эрна хили.


…………………………..


Ас Iуьйрене тийсина са,
Ас суьйрене тийсина са.
Хьоьга туьйсаш гIелдина са
ХIун дина ас тедан деза…



«Ненера Хьулиматера» аьлла, ялийна автора шен книги тIехь и стихотворени-йиш.
Поэтан кхоллараллехь драматургически произведени а ю. Мамакаев Iаьрбин «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин бух тIехь цо язйина деа декъах, исс суьртах лаьтташ йолу «АслагIий, Селехьаттий» драма. Шен ден произведенин чулацам а, текст а ларйина автора поэма драме ерзош.



Мамакаев Эдуардан кхолларалла коьрта долчу декъана берашна лерина ю. Цуьнан книгин цIершца гуш ду иза: «ЧIамарниг» «Седарчий лийр дац» «Берашший, малххий» «Бераш-кераш схьагулло» «Солнце − птица, не спеши садиться», «Мама золотая». «Гуьйренан догIа», «Даймохк-нана» гуларшкахь а дукхахйолу произведенеш берашна лерина ю.


Поэтан берашна лерина произведенеш а тайп-тайпанчу жанрашкахь ю: стихотворенеш, поэмаш, эшарш, баснеш, дийцарш, хIетал-металш.
Мамакаев Эдуарда берашна язйинчу стихашкахь серло ю, малх бу, бIаьсте ю, полларчий лела, олхазарш дека. Церан цIерш а ю: «Малх боьлу», «БIаьсте ю ловзуш», «Бераш-кераш схьагулло», «БIаьсте йогIу», «Баппа», «Хьоза», «Шура мерза хIунда ю», «ЧIамарниг». Оцу стихашкахь берийн дуьне ду, берийн ловзарш ду, ненан куьйгийн йовхо ю.


Яздархочун проза нохчийн а, оьрсийн а маттахь ю: дийцар «БиъбIаьрг», повесть «Если бы не то утро», очерк «Варий, ледара ма хилалаш», дагалецамаш: «Диканца йоккхийла хьан цIе ( Мамакаев Мохьмад вина 100 шо кхачарна»), «В бегах», эссе «Из кладовой памяти», статьяш: «О жизни и литературном творчестве Арби Мамакаев», «Здесь Арби и сегодня ждет гостей», «Чеченская литература вчера и сегодня», «А если взглянуть по-новому…», кхиерш а. Нохчийн литературех, культурех лаьцна йолу цуьнан статьяш кест-кеста арайовлу муьран зорбанехь.


Яздархочун белхан лаккхара мах хадийна. Цунна сийлахь цIерш техкина: «Нохчийчоьнан культурин хьакъ волу белхахо», «Россин культурин хьакъ волу белхахо». Мидалш елла: «Культурехь кхиамаш бахарна» мидал, А. Сахаровн цIарх фондан мидал, «Кавказехь машар а, барт а хилийтарехьа» мидал, «Роснефть» компанин юбилейни дашо мидал. Сийлаллин Грамоташца а Дипломашца а совгIаташ дина: Яздархойн Союзийн Дуьненаюкъарчу юкъараллин Сийлахь Диплом делла, Нохчийн Республикин Президентан, Правительствон, Парламентан Сийлаллин Грамоташ елла.


Мамакаев Эдуард карарчу хенахь Нохчийн Республикин яздархойн Союзан правленин председателан заместитель а волуш, литературни процессехь жигара дакъалоцуш а ву.



ЗОРБАНЕХЬ АРАЙИЙЛИНА ПОЭТАН КНИГАШ


НОХЧИЙН МАТТАХЬ




ЧIамарниг. Берашна. Грозный, 1971.



Седарчий лийр дац. Грозный, 1971.


Берашший, малххий. Стихаш. Грозный, 1979.


Гуьйренан дог. Стихаш. Грозный, 1987.


Бераш-кераш схьагулло. Грозный, 2009.


Даймохк-нана. Грозный, 2012.


Малххий, берашший. Грозный, 2014.




ОЬРСИЙН МАТТАХЬ


Солнце − птица, не спеши садиться. Стихи для детей. Грозный, 1982.


Мама золотая. Грозный, 2009.






checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

НОВОСТИ. Дайджест

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"