Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

Анекдоты на чеченском языке.


Просмотров: 19 645Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:

1. ЧОЬХЬАРА НАХ
Цхьа стаг шен стунцахой болчу вахана хилла. Ламаз хан т1е ма кхаьччинехь, маьнги т1е ламаз дан х1оьттина иза. Цу хенахь ц1енкъа юккъе текх а диллина, бод хьакхош, юучу х1умана г1айг1а беш стуннана хилла.
- Оллох1у акбар, - аьлла, охьатаь1аш воллу нуц, пенах д1а а кхетта, гал а ваьлла, ц1енкъарчу текха чу кхетта.
Т1аккха сихха хьала а г1аьттина, шен дукха юьхь1аьржа х1оьттиначу невцо элира боху стуннене:
- Дика ду-кха х1оккхехь хийра нах ца хилла.


2. ДОХК
Чечана хьошалг1а а веана, ц1а ваха ваьлла цхьа г1ойт1архо. Дохк деана 1уьйре хилла, цундела иза некъах тилла.
Д1аоьхуш, керт еш воллучу цхьана чечанхочунна т1екхаьчна иза.
Салам а делла, г1ойт1архочо шена Г1ойт1а боьду некъ гайтахьара аьлла.
Чечанхочо дийцина: лакха д1а а вахана, аьрру aгlop д1а мa-хьевззина бу хьуна и некъ аьлла. Г1ойт1архочо шена и карор бац, ван а волий, айхьа гайтахьара суна и некъ аьлла дехна цуьнга. "Доккха х1ума ду-кх шега дуьйцучух ца кхетар" - бохуш, г1ам-г1им а деш, хьалха а ваьлла, некъ гайта веана чечанхо.
Жимма д1авахча, юха а вирзина, чечанхочо хаьттина, вайшиъ мичахь ву аьлла. Г1ойт1архочунна хууш ца хилла. Д1аоьху-уш, пхьоьхана т1е кхаьчна xlapa шиъ. Салам а делла, чечанхо т1евеъча, царна юккъера цхьаммо аьлла: "Ва дада, ахь х1ун леладо?" (Иза цуьнан вешин к1ант хилла).
Шен куьг к1ентан кара а делла чечанхочо, шен зудчунан ц1е а яьккхина, и шен куьг кхин д1а ца хоьцуш, шен зудчунга д1алохьа со аьлла. К1анта хаьттина: "Ткъа хьешана х1ун до вайша?".
Юха а хьаьжна, чечанхочо аьлла: "Варийлахь, хьо волчуьра меттах ма валалахь, дуьненчуьра т1ап-аьлла вовр ву хьо".


3. АМАЛ
Йоккхачу Атаг1ара пондар локхучу Г1ачас ткъе цхьаъ зуда ялийна хилла. Т1аьххьара ша ткъе цхьаллаг1а зуда ялийча цо аьлла шен зудчуьнга:
- Со зуда атта д1айог1ийтуш ву хьуна, ас аьлларг делахь. Вайга хьеший баьхкича, со хьайга хьаьжча, царна юург яла езийла хаалахь.
Дикка ла а доьг1на, зудчо аьлла:
- Ас корта ластийча, ас лур йоцийла хаалахь.


4. Д1АВАХА ЦА КХЕТТА ХЬАША
Веана хьаша хилла. Х1усамден зуда ц1ахь ца хилла. Хьешана шена чохь карийннарг хьалха йиллина х1усамдас. Хьаша шина дийне а, кхаа дийне а ваьлла. д1а ца воьдуш.
Чуьра юург чекхъяьлла, д1а-схьа хьаьжчи, кхалла х1ума ца карийна. Зуда ц1ераялале яьккхина лаьтташ ведар шура карийна х1окху шинна. И шура а йиъна чекхъяьккхина. Т1аккха ший а, маьнги т1е а ваьлла, дуьхь-дуьхьала а вирзина. шаьш яьккхина хан дагаоьхуьйтуш, хабаре ваьлла.
Хьешо Шартеса д1адолийна шен къамел:
- Берашна юккъехь осал ца хилар дика г1иллакх дара сан, - аьлла.
- Дера дара, - аьлла, жоп делла х1усамдас Шемале.
- Синкъераме воьдуш цкъа а доттаг1чуьнга маьхьсеш ца ехар а дара сан дика г1иллакх, - аьлла шолг1а а хьешо.
- Дера дара, - аьлла, жоп делла цунна х1усамдас.
Иштта хьаша ша-шен хестош вахвелча, хьеше х1усамдас элира боху:
- Кхин цхьа г1иллакх дика ду хьан, Шартес, д1а ваха а саготту вац хьо, - аьлла.


5. ИРС Я1 ХЬАН!
Шайн йиша ловзаргахь хелхаюьйлуш бехк а лаьцна, юьстах ваьлла лаьтташ хилла цуьнан ши ваша.
Цхьа хан яьлча, т1евеанчу жимачу къонахчо аьлла:
- Иза-м д1аяла а ца кхета. Евзий шуна и? - аьлла.
- Ирс я1 хьан, - аьлла вежарех цхьамма, - и йовза-х ца евзий хьуна.


6. ШИ КЪУ
Ши къу хилла набахте чу воьллина: цхьаъ - сахьт лачкъорний, шолг1аниг - етт лачкъорний. Шаьшшиъ лацаран бахьана дийцина цара вовшашна.
Кхано 1аш, еттлачкъийнчо:
- Мас сахьта даьлла вайна? - аьлла, хаьттина.
- Етт узу хан хилла-кх, - жоп делла сахьт лачкъийнчо.


7. ДОГЦ1ЕНАЛЛА
Цхьа стаг хилла базарахь етт бохка вахана. Цхьаммо т1евеана, хаьттина кхуьнга.
- XIapa етт дег1ана ма жима бу хьан?
- Дег1ана белахь а, ханна-м бац хьуна xlapa жима.
- Ой, шура мел ло кхо, шина-кхаа литре йолий?
- Йолу, ахьа гурралц оьзча-м.
- Ткъа базара х1унда балийна ахьа xlapa?
- Вуо болу дела балийна-кх, - аьлла, жоп делла етт болчо.


8. ЖЕРОЧУНЗАБАР
Цхьа ламаро хилла бах охьенца хьошалг1а вахана. Цунна синкъерам бина хилла. И хьовзон ойла хиллачу мехкарийн тхьамда йолчу цхьана жерочо хаьттина бах:
- Ламаро, шу долчохь ч1ург керчий? - аьлла.
- Дера керча-кх, - аьлла, цо и муха хоьтту кхеттачу ламарочо, - цкъа керчича, ворх1 т1екхетча а, саца а ца луш-м.


9. ЮЬХЬ1АЬРЖО
Цхьана несо шен марвешина "Къонах" аьлла ц1е тиллина хилла. Мацца цкъа туькана яханчохь, шен марвешах тар а велла, цхьана стагана т1аьхьа хьаьдда йоьдуш хилла и зуда:
- Ва, Къонах, - бохуш, мохь а бетташ.
Цунна т1аьхьакхиъча, иза кхин стаг хиларх кхетча:
- Вай дела, хьо-м къонах ма вац, - аьлла.
Вукхо хаьттина, вуоха а воьхна:
- Со къонах воцийла хьуна муха хии?
Зудчо жоп делла:
- Юьхьдуьхьал хьаьжча, хиира-кх, - аьлла.


10. ДАКЪАЗАЛЛА
Майра хилла сай-бодий къастале балха ваха везаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхина цо.
- Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. - аьлла.
Шен набарха ца ялалучу зудчо, axl-yxl а дина:
- Эцца хьайна ерг кхалла а кхаллий, д1аг1охьа, - аьлла.
Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шена яа йовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахь аьлла, шена ерг кхалла а кхаьллина, шен балха д1авадана xlapa.
Сарахь мац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла.
Кхуо балха воьдуш яьржжийначохь лаьтташ пхьег1аш а, кхуо охьайиллиначохь лаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохь лаьтташ яйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас ша шега: "Нана яла хьо дуьненан", - аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха "г1ам-г1им" дина, и тосаделлачу зудчо кхуьнга схьа мохь баийтина дехьа чохь йижина йолчу:
- Хьо х1ун деш ву цу чохь, шабар-шибар деш, х1инца а вахана валаза ву хьо? - аьлла.


11. ЯХЬИНА ДИНА ХЬЕХАР
Динан г1уллакхаш башха дика карадог1уш вацахь а, маттана шера а, хьекъална ира а ву аьлла, Махьмина юьртахоша моллалла т1едожийна хилла. Шех тешийна г1уллакх вуно ч1ог1а санехь хилар зеделлачу цо малар а, сигаьрка а йитина. Вовшашца мостаг1алла тасаделлачу нахана юккъехь машар беш, моьлуш, хьаштдоцург лелош верг сийсаза веш, оьшучунна хьехам беш, массеран а дог эцна ваьлла Махьма. Луларчу ярташкара бахархой а хилла xlapa волчу оьхуш. Массарна а дашца а, г1уллакхца а там беш хилла цо. Цундела иза везаш а хилла.
Цхьана дийнахь хьалха цкъа доттаг1алла лелош хилла волу Яхьа веана Махьмина т1е шен цхьа бала бахьаш. Кисанара схьакъеда къаьркъанан шиша а, дукха сов вахочу маларх веттавалар бахьанехь тишъелла юьхь-сибат а, схьаетталун томкин г1иран хьожа а ца езаеллачу Махьмас, декъа салам-маршалла схьа а эцна, деана г1уллакх схьадийца аьлла:
- Вайша хьалха, цкъа зама зама йолуш, дууш-молуш цхьана лелаш хьох х1ума лачкъош вацара со, - аьлла, схьадолийна Яхьас. Амма ша ала г1ертарг схьадийцина ца волуш, дуьнент1е мел долу х1ума юкъаозийна, къамел дахдан волавелла иза...
- Ладог1ал, Яхьа, - сацийна иза Махьмас, - хилларг д1адаьлла, иза карладаха оьшуш а дац. Айса лелийнчунна тоххарехь дохковаьлла со. Цундела цунах лаьцна вайша кхин дийца оьшуш х1ума а дац. Сихха айхьа деана г1уллакх схьадийций вала. Арахь хьоьжуш кхин а нах бу...

- Гой хьуна, доттаг1а, доцца дуьйцур ду аса, х1окху т1аьхьарчу хенахь xlapa дуьне къахьдина суна оцу вайн чуьрачо. Чу моссаза веа, луьйш, хьаштдоц ург дуьйцуш. Со дуьхьал вистхуьллушехь, дов хуьлу. Зуда йитина д1а а яхийтина, лела зама а яцара сан, жайна даккхахьара ахьа цунна, толур яцара техьа иза.
- Иза-м хала, хьо ваха, дацара, - аьлла, къоламмий, кехаттий схьа а эцна, охьахиъначу Махьмас оццу минотехь яз а дина, кхо маь1иг еш хьарча а дина, д1аделла жайна Яхье.
- Х1окху жайно хийланна а г1о дина хьуна. Х1ун ю кхуьнан ц1е? Х1аъ, Хьулимат лен йолаллушехь, xlapa жайна цунна а ца гойтуш, хьайн цергаш юккъе лаца. Цул т1аьхьа а шайн барт иэг1аш меттиг нислахь, суна т1евола.


12. 1АД1ИЙНЕХЬ ЦА ХИНДЕРГ
Яхьа хилла цхьана дийнахь пхьоьхана а х1оьттина, шайн ден да ч1ог1а хьал долуш стаг хилла бохуш, дуьйцуш лаьтташ.
- Цуьнан цхьа б1е ахб1е говр, ши б1е етт, пхи эзар уьстаг1 хилла, - аьлла, ч1аг1дина цо.
Массо а кхуо дуьйцург бакъ ца хеташ, гуттар санна, аьшпаш хир бара уьш-м аьлла хеташ, и къамел тидаме а ца оьцуш лаьттачохь, цхьаъ дуьхьал ваьлла, и бежанаш а, говраш а оццул хила тарлора, ткъа пхи эзар уьстаг1 цуьнан хилла хиларх ца теша ша аьлла.
- Ой, ахьа х1ун дуьйцу, - девне ваьлла Яхьа. - Дикка дагардича-м уьш ялх эзар а хир дара...
- Деллахь, доттаг1а, 1ад1ийна велара хьо, цуьнга и эзар уьстаг1 т1е а ца тохуьйтуш, - аьлла, цаьрга ладоьг1уш лаьттачу Махьмас.


13. ХАЛА ХЕТТЕХЬ-М...
Юьртахь жима стаг кхелхина тезет хилла. И тезет д1айирзина цхьа хан яьллачу хенахь, цу юьртара цхьа стаг вахана хилла кхелхинчу жимачу стеган нахе кадам бан. Царех уггаре воккхах верг кхайкхина ара а ваьккхина, цуьнга кадам бина хилла цо:
- Мукъа воцуш виснера со шуна гучу ваза. Вайн ницкъ кхаьчнехьара шуна и бохам хуьлуьйтур а бацара, ч1ог1а хала а хийти и шун вешин к1ант кхелхина, - аьлла.
Xlapa кадам бина ваьлча, кхелхинчу жимчу стеган девашас аьллера:
- Вай, и кхин хьан дай-ваший вийна-м ца лелара и кхелхича, хьуна хала ца хета...


14. РУЗБА
- Ассалом 1алийкум! Рузбане кхача ларор вуй со? - хаьттина ламаз тиллачо, рузба а дина маьждигера ц1а бог1учаьрга.
- Ва 1алийкум солом! Ларор ву дера-кх, хьалха дийнна к1ира а хилча, цу т1е хьо говрахь а хилча-м мухалле а.


15. ДЕХАР
Цхъана стеган доккха ирзу хилла. Цуьнга дехаре баьхкина юьртара баккхий нах, цу ирзу т1ехь юьртан кешнаш дайтахьара аьлла.
- Делахь, аша иштта доьхуш хилча, дойтур ду аса, - аьлла, д1абохуьйтуш хилла цо уьш. Т1аккха баккхий нах гена бовлале т1аьхьа а кхайкхина, бахара, бах, ирзо долчо:
- Деллаша, цу т1ехь баьрзнаш ма делаш, т1е т1улгаш а х1иттош, гота охуш новкъа хирг ду суна уьш.


16. МОЛЛИН CATИЙСАМ
Молла хилла суьлхьанаш хьийзош, багахь "лаилах1-иллалах1" бохуш, шабар-шибар а деш, коре а хиъна, 1аш. Т1ехйолуш цхьа хаза йо1 гина кхунна. Цул т1аьхьа:
- Девиса хьан, дависа хьан, - бохуш, ша х1ун леладо а ца хууш, суьлхьанаш хьийзон волавелла иза.


17. МАХКАХЬ ДОЦУ ХЕЛХАР
Моллин бераш хилла цхьа чехка йоьттучу вотанийн мукъамана чу а боьлла, махкахь доцу хелхар деш. Т1ехволучу стагана гина уьш. Корах чу а хьаьжна, цо аьлла:
- Ой, шу дена хаьий аша лелош дерг?
- Хаа-м хаьа, амма тхуна санна дика-м ца хаьа, - аьлла бераша дуьхьал.


18. ХИЛЛАРГ ХОВШ ВОЛУ "ШАЙХ"
Шайх ву ша бохуш лелаш хилла цхьа стаг.
- Делахь кхана хиндерг дийцал, - аьлла, дехардина цуьнга цхьамма.
- Лама дуьйцур ду ша. - аьлла, "шайх" ву ша бохучо.


19. МОЛЛИНА ДИНА СУЬЛХЬАНАШ
Цхьана дийнахь суьлхьанаш ден пхьар волчу веана молла.
- 1аламат меле г1уллакх ду ахьа дийриг. Къаьсттина х1окху мархи баттахь цхьа суьлхьа дича, ткъа ламаз диначул мел хир бу хьуна, - аьлла, и хаста а вина, д1авахна молла.
Цкъа цхьана дийнахь чувоьлла болх беш 1ачу пхьерана дагадеана, ша-м къахьоьгуш вара, марха а багахь, молла х1ун деш ву хьажа везара ша аьлла. Вахана къайлаха чу хьаьжча, коре х1ума а тоьхна, хьена ч1епалгаш дууш 1аш гина кхунна молла.
Шозлаг1чу дийнахь шен суьлхьанаш д1адахьа веана молла.
- Ой, - аьлла цо, - туркхаш ма бац хьан кхарна юккъехь?
- Го баьккхича, хуур хиллехь, молла а вуьллур вацара ас, - аьлла, жоп делла, оьг1азваханчу пхьеро.


20. МУРДО ШЕН ШАЙХЕ АЬЛЛАРГ
Цхьана дийнахь тачанки т1е а хиъна воьдуш волу цхьа хьаьжа борза т1ехь лаьтташ волчу шен мурдана т1екхаьчна. Шена шен мурд ца вевззашехь, цо цуьнга салам делла. Шега цо салам делча, иза вовза а вевзина, дуьхьал а ваьлла, шен шайх хиларе терра, т1ехдаьккхина цуьнца т1екаре а ваьлла, мурдо шен устазе дехар дина:
- Тховса буьйса а яккхий, кхана г1ахьара хьо д1а, - аьлла. Иштта т1ехваьлла и шеца т1екарваьлла хьаьвзича, шена ца вевза дела, шайхо шен мурде аьлла:
- Ванах, суна хьо вовза-м ма ца вевза, хьо мила вара? - аьлла.
Цу тайппана цо шега хаттар дича, мурдо шен шайхана жоп делла:
- Деллахь, юххехь кхин накъост а воцуш, х1окху борза т1ехь лаьтташ волу хъайн мурд ца вевзича, кхана дог1а долчу къематдийнахь, оццул дукха долчу халкъа юккъехь со муха вевзар ву техьа хьуна? - аьлла.
Д1авоьллачу мурдо шен киснара суьлхьанаш схьа а даьхна, кхин хьуна виpд а доккхур дац аса аьлла, суьлхьанаш шайхе д1аделла.


21. МОЛЛИН МОЛЛЕХ ТЕРА ШИ Х1УМА
Моллин а, моллин зудчун а дов даьлла хилла. Зудчо эххара аьлла:
- Моллех тера-м вацара хьо. Молла хуьлу хьо санна? Ши х1ума-м ду хьан молличух тера...
- Ой, зуда, - аьлла моллас, - ши х1ума хилча-м тоьар ду. И ши х1ума х1ун ду-те? И алахь цкъа.
- Дера ду, стаг, шен хенахь ламаз ца дар а, саг1ийна х1ума ца ялар а. И шиъ ду-кх.


22. МОЛЛИНА АЬЛЛА Х1УМА
Цхьана х1уманна т1ехула молла Сапарбек хьахийна наха.
- Д1аваккхийша молла Сапарбек, цунна хууш х1умма а дац. Цул воккха 1овдал карор вацара кху нана-махкахь, - аьлла иза дика вевзаш волчу Дагас.
- Вай, 1елам стаг ма ву иза. Ма алахьа цунна иштта, - дуьхьало йина цигахь хиллачо цхьамма.
- Къор1анаш дешна вай иза-м, - вистхилла кхин.
- Дера бакъахьа стаг-м ма ву молла Сапарбек. Яхкаеллачу кхелли т1е вилла мегар дацара иза, - ч1аг1дина Дагас.
И хабар моллех д1акхетта. Доккха дег1 а, т1ехьаьжча буьрса а, дера а волу Сапарбек оьг1азвахна Дагина. T1e г1еххьа 1овдал а, девне вала кийча а волу Сапарбек, ша т1екхаьчча, Дагех лата ойла йолуш хилла.
Цхьана сарахь пхьоьхана нах гулбеллачохь вовшашна т1eнисвелла Сапарбеккий, Дагий. Моллин оьг1азе къегачу б1аьргех а, цо шен 1аьржа совра долчу йоккхачу шаьлтанна т1едиллина, куьйгах а б1аьрг кхетта, ша дийцинарг цунах д1акхеттийла а, иза х1инца шеца девне вала дагахь вуйла а хиъна Дагина. Т1аккха иза меллаша адамийн тобана юккъе а вахана, мас-малик а хилла, д1ах1оьттина.
Эххар т1екхаьчна Сапарбек Дагина. Цунна дуьхьал а х1оьттина, массарна а хозуьйтуш, буьрса вистхилла молла:
- Ва, Дага, со яхкаеллачу кхелли т1е вилла а мегар вац х1унда аьллера ахьа хьастаг1а? - аьлла, шаьлтанан мукъ схьалаьцна Сапарбека.
- Эй, велла вала со делаъ, Сапарбек, ма ч1ог1а юьхь1аьржа х1оьтти со. Xloкxy нахана хьалха ас доьху хьоьга сайна къинт1ера валар. Хьо кхелли т1е вилла мегар вац аьлла ч1ог1а г1алат ваьлла хилла-кх со. Мегар ву ахьа дешначу къор1анор, дукха ч1ог1а а мегаш. - аьлла Дагас.
- И ша ду х1ета, - юхаваьлла хьекъална аьрта волу молла.


23. МОЛЛИН А, ЦУЬНАН ЛУЛАХОЧУН А КЪОВСАМ
Молла Сапарбеккий, цуьнан лулахо Сатабиссий къовсавелла хилла цкъа:
- Гиллакх тоьлу, - аьлла, и шегахь цкъа а хилла а, хир долуш а воцчу Сатабис.
- Х1ан-х1а, комаьршалла тоьлу, - бохуш хилла, и шегахь янне а йоцучу Сапарбека.
И ший пайдабоцу ши стаг вуй хуучу наха башха тергалбеш а ца хилла церан къовсам. Эххара церан г1овг1а к1орда а йина, царна т1евеана Дага.
- Дага, хьо х1ума девзаш а вара, алахьа, г1иллакх тоьлу я комаьршалла тоьлу? - Цу т1ехула къовсавелла шуьшшиъ? - дуьхьал хаттар дина Дагас. Юха ша жоп делла:
- Дера царех муьлхарг тоьлу ма ца хаьа суна. Вуьшта и ший а къонахчуьнга бен лелалур доцийла-м хаьа. Ашимма и къийса а ца оьшу.
Нах кхетта цо бохучух.


24. ПОНДАРЧА
Цхьана стагана моллин кет1ахула чекхволуш, пондар локхуш хезна.
- Ой, и пондар молла 1ачохь ма бу локхуш, - ойла хилла, чухьевзина иза. Чуволлушехь хаьттина цо:
- Лулахочунна пондар лакха хаьа хьан? - аьлла.
Моллас жоп делла:
- Суна санна дика-м ца хаьа.


25. ХАН ЙОЦУШ БЕАНА МАРХИН БУТТ
Мархин баттахь марханаш кхобу ша бохуш, лелаш хилла цхьа стаг. Шен зудчунна хьалха моттарг1анаш а лелош, къайлах цигаьрка узуш хилла цо, шайн к1ет1арчу г1одмийн такхорах а вулий.
Цхьана дийнахь шайн такхорах к1ур оьхуш гина зудчунна. Ц1е яьлла моьттуш, хьаьдда т1еяханчу кхунна шен майра гина, такхорах а воьлла, к1ур беш. Йоьхначу зудчо аьлла:
- Вай, елла яла со!
Т1аккха майрачо аьлла:
- Ма яла хьо-м елла, хан йоцуш т1ебеана xlapa мархин бутт бала-кха белла.


26. МАРХИН БУТТ
Цхьа ши стаг хилла цхьацца хабарш дуьйцуш лаьтташ. Цхьамма аьлла:
- Борз санна т1ебог1уш мархи бутт а бу вайна...
Вукхо аьлла:
- Баг1ахь, дера бу вай охьа а таь1на, т1ехбалийтур.


27. ХЬЕКЪАЛЕ МОЛЛА
Цхьана йоккхачу юьртахь вехаш-1аш хилла цхьа молла. Цхьана дийнахь шен юьртахошка схьа а кхайкхина, цаьрга аьлла цо:
"Суна хала ду шу беллачу гергарчу нахана т1ера ламазаш дан, х1унда аьлча, церан кешнашна доьг1на чурташ дац, уьш ца хилча, суна мила мичахь д1авоьллина ву ца хаьа. Цундела аш чурташ х1итто а деза, суна цхьацца уьстаг1 бала а беза. Т1аккха аса ламазаш дийр ду шун беллачарна т1ера".
Шайн моллас бохучуьнга ла а доьг1на, чурташ х1иттийна ламароша шайн гергарчу нехан кешнаш т1е. Цул т1аьхьа моллина цхьацца уьстаг1 а белла. Массо а ламанхоша х1иттийна чурташ, амма цхьа молла виссина чурт ца дуг1уш шен ненан кош т1е. Цецбевллачу наха хаьттина моллига:
- Ва, молла, оха массара а и чурташ х1иттийча, ахьа х1унда ца х1оттина хьайн ненан кош т1е чурт? - аьлла. Моллас жоп делла:
- Аса х1унда дуг1у чурт? Х1инца чурт доцуш сан ненан бен каш дан а дац кешнашкахь, ткъа и каро суна х1умма а хала хир дац.


28. МОЛЛАС ХЬАЬЖК1АШ ЯТТАР
Цхьана дийнахь 1уьйранна маьждигехь ламазна а кхайкхина, маьждигехь 1уьйра ламаз а дина, ц1а веана молла. Ц1акхаьчча моллина дагадеана делкъалц куьпара колхозан хьаьжк1аш ятта ваха.
Дикка тишо т1е х1ума а юьйхина, зудчуьнга ша делкъале ц1а вог1ур ву аьлла, хьаьжк1аш ятта вахана иза. Зудчуьнга ша цига воьду ца аьлла цо.
Д1а ма-кхаьччинехь дика декъачу дечигах ц1е а латийна, колхозан хьаьжк1ашна юккъера хьаьжк1аш яьхна, уьш ятта волавелла молла. Цхьана aгlop йиъ хьаьжк1а ятталуш дика ц1е хилла моллин летта. Иштта xlapa 1аш делкъа хан хилла. Делкъана ламазана кхайкхар диц а делла, т1етаь11ина шен хьаьжк1аш йоттуш 1аш хилла молла.
Т1аккха юьртара баккхий нах молла кхойкхуш ца хезна, xlapa лаа х1ума дац аьлла, маьждиге гулбелла. Молла маьждигехь ца карийна царна. Шаьш д1ах1ийттина делкъа ламаз а дина, моллин ц1а бахна баккхий нах. Кхайкхина араяьккхина моллин зудчуьнга хаьттина цара, молла стенга вахана аьлла.
Шена-м ца хаьа, аьлла зудчо, ц1а ваза ву и 1уьйранна араваларх.
- Эй! дела не1алт хила цунна, шайт1а, ша ма-дарра шайт1а, молла-м и цкъа а вацара, - аьлла д1абахана юьртара нах.
Кхано суьйранна хьаьжк1аш ятта а, яа а к1ордийна ц1а веана молла. Зудчо хаттар дина, дийна сарралц хьо стенгахула лелаш ву аьлла. Тахана вайн юьртарчу нахе хьайн вон ц1е яккхитина ахь аьлла. Не1алт эли хьуна.
- Эй, д1аяьллехь, зуда, тахана санна дика ц1е сан цкъа а хилла хир яц. Цхьана aгlop дика йиъ хьаьжк1а ятталуш, ч1ог1а дика ц1е яра сан тахана.
Зудчо-м йуьцург тахана не1алт алийтина шен цо вон яккхийтина ц1е яра, ткъа кхо йуьцург ша хьаьжк1аш еттина ц1е яра.


29. ВИСХЬАЖИН ЖАЙНА
Цхьа молла хилла боху, вехаш. Цуьнан лулара цхьана жимачу cтara хаза зуда ялийна хилла.
Цхьа хан яьлча, суьйранна хи т1е яха арадаьлла хилла нускал, букъ буьззина охьахецна ч1аба а йолуш. Суьйренца араваьллачу моллана гина и жима зуда. Цуьнга ч1ог1а безам бахана хилла моллин.
Т1аккха и зуда шена т1е а кхайкхина, моллас аьлла цуьнга: хьан месашна б1аьрг хила там бу, иза ца хуьлуьйту жайна ша докхур ду хьуна, хьайн масех цхьа ши-кхо мас а яхьаш, йола ша волчу.
Ц1аяхача, шен майрачуьнга дерриге а д1адийцина зудчо.
- Хьайн аьттан ц1огах ши чо а баккхий, иза ло ахьа цуьнга, - аьлла майрачо. Цуьнга ла а доьг1на, жайна а даьккхина ц1аеача:
- Кхунах х1ун де аса? - аьлла хаьттина зудчо майрачуьнга.
- Хьайн аьттан ц1оганах д1адехка иза. - аьлла майрачо.
Т1аккха ваьлчи а, вахчи а ца вуьтуш, моллина т1аьхьа баьлла хьийзина боху и етт. Т1аьххьара а цо ма1аш 1иттина вийна а боху иза.


30. ХЬЕХАР
Мацах цхьа бено хилла цхьаьна йоккхачу басах гихь дечгаш чу кхоьхьуш. Т1аьххьара йисина дечиг эцна xlapa чу воьдуш, цхьаммо xlapa га а гина:
- Оццул хала къахьоьгачул и дешкаш цу басах чу х1унда ца керчайора ахьа? - аьлла.
- Дера бакъ ма бах ахьа, - аьлла, шен гира дечиг а эцна, юха хьала ваха, бахара, бено, иза чу карчо.


31. СИНКХЕТАМ
Беночун буц юккъе эппаз доьжна хилла. Шен эппаз буц юккъехь леха к1ордийча, уллорчу асвалтан новкъа а ваьлла, беночо аьлла:
- Со 1овдала-м вац, бецашна юкъахь эппаз леха, уллохь сирла асвалт хилча.


32. БЕНОША КХОЬССИНА ЙОККХА ТОП
Беной хилла Ведана чу йоккха топ тоха дагахь. Цара харичу молха а доьхкина, т1ехула даккхай т1улгаш а тийсина, цунна буха ц1е латийна хилла. Цхьа хан яьллачу хенахь, ц1е молхана т1е а кхаьчна, хара иккхина, юххехь 1аш болу беной х1аллак а беш.
Йоккха топ д1акхетча, х1ун хир ду хьажа цхьана диттана т1еваьлла дийна виссинчу беночо аьлла: х1оккхузахь xlapa къемата де х1оттина долу х1окхо, Веданахь-м дийна х1умма а дитина хир дац.


33. МАЙРАЛЛА
Цхьа бено хилла боху, х1уъа дарах кхера ца луш. И кхеро дагадеаначу накъосташа, - тховса кешнашка а вахана, чарташна хьокхамаш декъа ваьхьар варий хьо? - аьлла хьовзийна хилла.
1усман (иза хилла оцу беночуьнан ц1е) резахилла.
Шен гали а эцна, могг1ара хьокхамаш а доькъуш, вог1уш хилла 1усман.
И кхеро баьхкинчу накъостех цхьаммо аьлла, чуьрта т1ехьа а леч1къина:
- Суна а лохьа, 1усман. 1усман-м шек а ца ваьлла:
- Хьан очарт т1екхаьччахьана.


34. ВОН ЗАБАР
Цхьа стаг велла аьлла, кеп х1оттийна, цунна каш а даьккхина, марчо а хьарчинна, коша а виллина, накъосташа 1усмане аьлла.
- XIapa ахь тховса ларван веза, тахана латта т1ехьакха ца магадина вайна.
1усман резахилла
Каш лардеш 1усман 1аш буьйса юкъал т1ехъяьлла 1усман кхеро дагахь кошахь верг меттах хьеволавелла.
- Хьо дакъа делахь, дакъа санна 1илла, дацахь аса дийр ду хьох, - аьлла 1усмана.


35. КЪУ
Хехь хилла цхьа бено. Къу лаьцна цо, т1е топ а х1оттина. Тоьхна цуьнан когаш д1с а бихкина, шен буткичу иза охьа а виллина, 1едале хаийта вахана иза. Милицехь берш цецбевлла, кхуо когаш а бихкина, къу охьавиллина ша аьлла хаам бича.
- Ой, иштта муха воьхку къу д1а, когаш д1а а баьстина, д1авахана ма хир ву иза, - бохуш, карзахбевлла милцанераш. - Тайпана муьлхачу нахах ву хьо, ва? - аьлла хаьттина цара эххара.
- Бенойх ву, - аьлла, шек а воцуш, хехочо.
- Т1аккха кхеташ ду, - аьлла бийлабелла милцанераш. - Д1авало, хьайн ха де, д1авахана хир ву хьаи къу.
- Хир вац, - аьлла, ч1аг1деш, хехочо.
- Х1унда боху ахьа? - хаьттина вукхара
- Иза а бено волун дела боху, - аьлла хехочо, - д1а а васта-велла, д1аваха дага дог 1ур дац цунна
Хевзина бахана туькана д1акхаьчча, хехочо д1а ма-вехккара, 1уьллуш карийна царна къу


36. МОЛЛИНА ТЕСНА КХЕРАМ
Мовладехь гулбелла хилла цхьа нах (беной хилла уьш). Молле цхьамма хаьттина бах:
- Беной тайпа дукха доккха а ду, вайн бух бийцахьара, вай муха, мичара схьадевлла дийцахьара ахь, - аьлла.
- Цхьана зудчо, шен цхьанне долахь йоцуш дина бер д1акхоьссина хилла, - бохуш долийна моллас - Цхьана гу т1е охьадиллина хилла иза. Цхьана аьрзуно и бер шен бен чу д1адаьхьна. Иза к1ант хилла. Г1еххьа онда ваьлча, и к1ант бен чохь кара а вина, цхьамма ц1а а валийна, кхаьбна. Бено аьлла цунна ц1е тиллина хилла. Цуьнан т1аьхье ю х1инцалера бенойн тайпана нах.
Т1аккха аьлла бах, и хаьттинчо молле, ша хьоьга хатта а хаьттина, ахь и дийцина ца хиллехь, бакъдолуш, ша xlapa шаьлта 1уттур ма яра хьуна аьлла.


37. БЕНОЧУЬНГАРА ДАЬЛЛА Г1АЛАТ
Бено хилла лекхачу т1айна т1ехула волуш. Юккъе кхачале х1окхунна т1айна т1ехь даьлла 1уьрг гина. Т1аккха ша шега лен ваьлла бено: "Делахь, х1окху 1уьргана т1ехула вала г1ортахь, хи чу вожа мега-кх со, чувожахь, хьала ма валалур вац...".
- Эх1-х1ай! Ма хьекъале корта бу хьан, атта дац суна, оцу жимачу 1уьргахула вожаг1ертачул, т1айна т1ехула иккхича, - аьлла, т1айна т1ера чутассавелла бено, хи чу воьжна. Хино д1ахьош, мохь тоьхна беночо т1аьххьара. "Деллахь, хьажа, цкъа а ца даьлла г1алат дели-кх соьгара, оцу 1уьргахула со ваьллехьара г1оли-м хиллера".




Восстановленные с сайта teptar.com.

Источник: nohchalla.com


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

bb

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"