Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ЧЕЧНЯ. Х. Тухашев "Генара илли"


Просмотров: 19 773Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
ЧЕЧНЯ. Х. Тухашев "Генара илли"

ЧЕЧНЯ.  Тахана-м хьалххе даьхкинера кеманаш бомбанаш йетта. Иштта а шаьш йохийна г1ала йара цара кхит1е а отуш ерг…

- Наь1алт хила шуна а, шу кхайкхина далийначарна а!.. Цхьа нана елхон дог1у хир ду-кха шу а… Дала маьрша йухадерза пурба ма лойла шуна! Хьакхин херсеш!..


Марет гуттара а оьг1азе хьоьжура мостаг1ийн кеманашка, царех цхьа а дохийна чу ца доуьйту-техьа бохуш сатуьйсуш церан тидам а бора. Оцу г1уллакха т1ехь шех масал ца оьцучу шен ц1ийндена реза а йацара…


Цунах башха самукъа ца долура Султанан. Иза — Советски Эскаран полковник, масех шо хьалха отставке а ваьлла ц1авеанера. Тахана хуьлуш долчух кхета-м хала а дацара эпсарна, дагна лан хала дар-кха. Дерриге а дуьненна а гуш шен парламентана танканаш т1е а ерзийна йаккхий тоьпаш йиттинчу, къаьркъано сенвина алкоголик коьртехь волчу г1иллакх-оьздангалла бохург х1ун ду ца хуучу Россин 1едало дийр доцуш х1ума дацара. Цхьана а х1уманах хьожа ца йог1уш 1едал дара тахана Россин коьртехь. Иза гуш дара. Боккъалла а аьлча, кхузахь тамаша бан х1умма а дацара.


Советски пачхьалкх йоьхначул т1аьхьа цуьнан хиллачу Эскарх бухабисина герз керахь долу нах, шайна мидал лур йу аьлча йа цхьана къаьркъанан шишанах, т1аьхьа хиндолчун ойла а ца еш, ура-аттала шен дена а т1е герз тухур долуш бара. Султанна дика йовзара оцу диндоцчу лайн амалш.


Хала дара селханалерчу т1емалочунна ша дакъа ца лоцучу т1аме а хьоьжуш 1ен. Кху граждански т1еман йуьххьехь лаьтташ наггахь ша х1ун леладо а ца хууш волу оьрсийн пачхьалкхан куьйгалхо вара. Шен къомана дуьхьал, шен пачхьалкхехь д1ахьош бара Россис и боьха т1ом.


Зама ч1ог1а меллаша д1айоьдуш санна хетара Султанна.


Селхана хабар кхаьчнера кхуьнан к1ант ч1ог1а чевнаш а хилла госпиталехь 1уьллуш ву аьлла. Иза — московски университетан студент — шен доттаг1а оьрсийн салташа тоьпаш а тоьхна вийна аьлла хезча, цуьнан ч1ир екха ц1а веанера. Ткъа х1инца ша а чевнаш хилла 1уьллуш ву боху. Цига ваха аравелира полковник.


Билггала мича ваха веза хуъушехь, де-буьйса делира д1а ца кхочуш. Маьршачу хенахь цхьана сохьтехь г1аш балла а некъ бацара оццул хан йайинарг. Хьалха Октябрьски районан цхьа больница хиллачу г1ишлон подвала чохь йара, иштта шех ала мегар делахь, и госпиталь. Ц1ена къематан де дара оцу чохь дерг-м. Массо а меттехь, дехьа-сехьа вала меттиг а йоцуш, носилканаш т1ехь а, вуьшта боьхачу шийлачу бетонни ц1енкъахь а 1охкура чохь са хилар бен кхин гуьнахь доцу лазархой. Кхуззахь операцеш а йора, кхуззахь чевнаш д1а а йоьхкура…


Тидам т1ебохуьйтуш кхин цхьа х1ума а дара — х1ора дархочунна йуххехь 1уьллуш цуьнан шен герз дара, иза муьлххачу хьолехь велахь а. Мостаг1чун позицеш генахь йацара, амма уьш кхарна т1елата ца баьхьара. Чевнаш хилла берзалой муха лета дика хаьара царна…

Халла карийра Султанна оцу шийлачу 1аьржачу подвала чохь шен к1ант. К1ант аьлча а, чуьра са х1инца а д1адалаза цхьа дакъа, шен ц1ий, шен цхьаъ бен воцу Хаважи.

— Хьо лаа вуй, полковник? Кхин сингаттам болуш-м ца лела хьо?
- Хьо цхьа сингаттам дера тоьар бу суна-м! Хьажахьа, куо1а, шен доцчу денца бегаш бан а г1ертийца!

Да а, к1ант а велавелира.


- Хьо х1окху к1ентан да ву моьтту суна. Кхо де хьалха кхунна операци йина цхьа кийла хиллал гаьргаш д1а а йохуш. Тахана-м синкъераме вахийта а мегар долуш дика ву х1ара. Кхунна кхид1а а дарбанаш лелон деза. Ткъа тхан кхузахь тоьаш молханаш а дац. Уьш а наггахь шайна совдевлча оцу мажош йолчара ло тхуна, амма царех тхуна кхачо ца хуьлу. Хьайн аьтту белахь, республикал ара а ваккхий, лоьрашна т1екхачаве х1ара.


Султане иза а аьлла, сихха д1аволавелира хирург. Цунна вевзира ц1ийх йуьзна халат йуьйхина т1евеана хилла лор. Иза вара Масхадовн правительствехь могашалла 1алашйаран министр хилла волу Хамбиев 1умар. Х1умма а воьхна а вацара. Министаршна йуккъехь а нислуш хилла-кх бакъ болу къонахий !

— Хьан кхузара г1уллакхаш чекхдевллехь, ц1а вахча х1ун дара-те

вайшиъ, Хаважи ?- Дика хир ду ! Цу т1е со ч1ог1а мац а велла ! Амма уггар а коьртаниг, полковник, со кхиъна хьуна сайн декхар кхочушдан! Суо реза а волуш сайн доттаг1чун ч1ир йекхна аса! Суна гира церан эпсарш гора а эгна боьлхуш. Къаьркъа а маладой т1аме кхуьйсуш хилла и гезарий.

- Дика ду хьан и дан аьтту баьлла! Д1адалаза диссина декхар т1ехь хилча хала ду ваха къонахчунна!


Буьйса йуккъе йоьду хан хир яра цхьа к1едачу аьчган шифер а нисъелла цунах салаз тайпа х1ума а йина, цу т1е шен чевнаш хилла к1ант а виллина Султан Соьлже кхача дагахь новкъаваьлча.


Ч1ог1а шийла йара и декабран буьйса. Гена а, хала а бара бан безаш болу некъ. Цхьана а сохьтана соцуш бацара т1ом. Саццаза лелхачу йаккхийчу тоьпийн а, танканийн а х1оънаша бахбора иштта а атта боцу некъ.


Шолг1ачу дийнахь 1уьйранна исс сахьт долуш дай-к1анттий кхечира Мичуринан ц1арах йолчу поселкана йисттехула чекхболучу ц1ерпоштан некъан йисте.

- 1аржйаллалц кхузахь 1ийр ву вайшиъ. Т1аккха сих а ца луш меллаша д1аг1ур ву. Уггаре а хала некъ вайшиъ бина ваьлла, кхид1а атта хир ду. Со кхета х1ара некъ хьуна хала а, бахбелла а хиларх. Цхьажимма сатоха дезар ду, Хаважи. Кханалера 1уьйре вайшиъ ц1ахь волуш йог1ур йу вайшинна, Дала мукъ лахь !

Шен киснахь дисина г1орийначу баьпган цастарш ата а отуш к1антана даон г1ерташ полковник а волуш, аьтту аг1орхьара Ханкала йолчухьара бронетехникан г1овг1а хезира. Текхна керта йуххе а вахана шаьшшинна т1е кагделла 1охкуш долу кхоран генаш озийра Султана.

- Уьш-м шайн новкъа д1аг1ур бара. Шек д1а а ма вала хьо! Вайшиъ лоьхуш лелаш ма баций уьш.


Амма г1уллакх мелла а кхечу аг1ор нисделира. Кху шинна гена йоццуш сецира масех БТР. Иттех сов стаг аравелира царна чуьра. Царех х1ора а герзах воьттина вара.

- Вайшингахь цхьа автомат а, тапча а йоцург кхин герз дац. Т1екхача г1о а доцуш, вайшиъ цаьрца ларалур вац. Амма шайн кара водахь цара къиза вуьйр ву вайшиъ. Царна вайшиъ туосалахь, вайшингахь долу герз царна т1е а тоьхна, уьш йуххе а бахкийтина царех масех чанг1алкх а йуьгуш, эхарта г1ур ву вайша !.. Аса оьккхуьйтур йу вовшахйихкина х1ара ши граната…

Цхьажимма 1ийна т1етуьйхира:

- Кхера-м ца велла хьо?


Шен дега а хьаьжна велакъежира Хаважи.

— Цхьа борз йу-кха хьо, полковник!..


Шена гуттара а жима хетта волчу Хаважех кху къизачу т1амехь бакъ волу къонах хиллийла хиира Султанна. Доккха дозалла дара иза х1инца къеначу полковникана.


Шаьшинна бахбелла х1ара некъ шена мел хала белахь а, цхьа узар ца хазийтира Хаважис шен дена. «Х1ун дийр ду, лийр ву-кха вала везахь къонаха, нохчи санна. Полковник ма велира суна йуххехь. Тхойшиъ ший а лахь, нана ша йуьсу…»


Эзарнаш нах бехаш хиллачу кху нохчийн йуьртахь тахана тийна дара. Ура-атталла кхузахь леташ ж1аьлеш а ца хаалора. Т1амо хийцинера маьршачу дахаран хат1.


Султан шен к1анте хьаьжира. Хаважи стигла хьоьжуш а гина хьалахьаьжначу цунна ши къоркхокха гира д1абоьдуш.


«Маржа кхокхий —йа1! Маьрша олхазарш! Х1ара к1ант а велара аша шайца д1авуьгуш!..»


Къена борз йоьхна йацахь а, мелла а холча х1оьттинера…


Карладуьйлура д1адаьлла дерриге а дахар : нохчийн уггаре а хазчу йуьртара школа, генарчу Ташкентера т1еман училище, т1аккха эскар — Германи, Чехословаки, Венгри, Афганистан, т1ом…


Ц1еххьана кхуьнан ойланаш йукъахйехира дика къаьсташ хезаш болчу мукъамо. Иза Дагаев Валида д1аолучу цхьана иллин мукъам бара.


« Даймехкан лаьмнашка, хазачу хьаннашка, 
Ширачу б1аьвнашка, чехкачу Органе
Салам-маршалла лолахь, леча,
Хаважера деъна алий !..»


Хаважи вара и илли олуш верг… Т1ом, мостаг1ий, 1ожалла, мукъам!..


Гора-йа1, хьо турпала нохчийн амал ! Дуьненан массо а бохург санна къаьмнаша йийцина хьо сийлахьчу нохчийн турпала амал! Хьан эр ду х1инца и тайпа амал йолу къам турпала къам дац?! Муьлхачу мостаг1чун доьналла тоьар ду дуккха а б1ешерашкахь бинчу т1емийн к1уьрлахь йахчаеллачу нохчичун б1аьхаллин амална дуьхьала х1отта?! Цхьа а къам латталур дац Сийлахь-доккхачу Нохчийн Къомана дуьхьал! Х1ара мезех а йуьзна шайн 1индаг1ех къоьруш лелаш йолу боьха муьжгий-м муххале а…


Вовшийн наношца шаьш ч1ог1а эвхьаза хилар билгалдоккхуш маьттаза къамелаш а дина, шайн дайх дисина, цара шайна марздина дитина къаьркъа а мийлина, х1инццалц ца хууш ларамаза герз даьлча а кхералуш йолу дела шаьш-шайн ира-кара х1иттош мосуьйттазза шайгара герз а кхоьссина д1айахара шина т1амехь маьршачу нохчийн ц1ий 1енош лелаш йолу сел йоккхачу Россин массо а бохург санна набахтешкара схьалахьийна вовшахтоьхна, кера герз а делла д1ахецна курхалчийн а, маьрша нах байъан са к1амделла кхуза баьхкинчийн а боьха тоба.


Цхьажимма хан а йалийтина, ц1ерпоштан некъал сехьа а ваьлла, йоьалг1ачу микрорайонна т1ебоьдучу г1ашлойн новкъахула шен к1ант т1ехь 1уьллу и салаз тайпа а текхош меллаша схьаволавелира къена полковник. Мел хала делахь а, мел к1адвелла велахь а сатасале кху шерачу майданах чекх а ваьлла Соьлжа-йуьрта чу кхача дезара. Ч1ог1а шийла йара. Хаважин чевнашна шелонан хьу йолахь хала хир дара дарбанаш лелон. Цунах дика кхетара къена эпсар. Цундела сихвеллера иза шайн йовхачу х1усаме кхача.


Дас к1анте ма-аллара, сатоссуш Дала ц1а кхачийра х1ара шиъ. Масех буса наб а ца еш к1адъелла Марет корах а летта арахьоьжуш 1аш йара. Цунна гира керта вог1у Султан. Чуьра араиккхича гира шен жима Хаважи т1ехь волу салаз а.

- Ва нана йала хьан, дела1! Х1ара х1ун ду цара хьуна т1ехь динарг!

Т1екхетта схьаэцна мара а воьллина чуваьхьира нанас х1инца кхин башха веза а воцу чевнаш хилла шен к1ант…


Сихха бовха кхача белла вузийна, хи дохдина личийна, чевнаш ц1анйина парг1атваьккхира Марета шен жима Хаважи, шен т1емало Хаважи, шен турпалхо Хаважи…


Шолг1ачу дийнахь сарралц наб йечу цунна йуххе а хиъна 1ийра нана. Хаважи шена масех шарахь ца гича санна, кхуьнан йуьхь т1ехь хийцамаш лоьхура. Уьш кара а бора. Хаважин бераллин аматаш д1адевллера. Цунах х1инца къонаха хиллера. Нанна мел жима хетахь а, Хаважи тохаралераниг вацара. Йа кхунна моьттура-те иштта?..


Наб ца кхеташ цхьацца ойланаш йеш д1атаь1на 1уьллуш вара Султан а. Цунна дагара ца болура Хаважис аьлла хилла мукъам. Иза х1инца а хезаш санна хетара.


Х1етахь дуьйна къеначу полковникана мел генара хезаш делахь а девза «Б1аьхочун весет» ц1е йолу г1араваьллачу нохчийн иллиалархочун Дагаев Валидан и башха мукъам болу илли.


ТУХАШЕВ Хьамзат. Соьлжа-г1ала , 2006-г1а шо.

Источник: г- та "Аргун (Орга)"


checheninfo.ru



Добавить комментарий

ЭТО НУЖНО ЗНАТЬ:


ЧТО ЧИТАЮТ. BEST:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"