| ДАЙДЖЕСТ: |
НАНА-АЬРЗУ
Iажаркх-буц тIунъелча суьйренан тхишлахь,
Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.
ХIай Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,
Хьайн кIорни яйъи ахь, суна хьох къахета.
Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь,
Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах.
Хьан доьхна дог Iийжош, тIехъюьйлу кIорнеш,
Ткъа, хьайниг цаьрца яц – хьо йиси цхьалха.
Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,
Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан.
Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:
«ХIай Нана, со вай и-м хьан вайна кIант!».
1977 шеран июль
НОХЧИЙЧОЬ
Iаьно сайна ваIда делча лош а, шаш а дала,
Хьожур вара ломан бохь со айбан генна хьала.
Нагахь санна, сайгахь сийна хIаваъ хилча шортта,
Г1ур вара со анайистан сийна доза шордан.
Аса-м, тIулгаш лехьош хи тIехь йинчу массо хьерахь,
Махкахь алсам доккхур дара дедайн бIаьвнийн терахь.
Хьун кхио сайн таро хилча, йоцуш пепнийн къелла,
Цунна уллехь юьллур яра ас цхьа нохчийн эвла.
Хенан иэсехь дIа ца дойтуш йолуш йолчун доь а,
Лаьттахь ас дIахIоттор яра кхин цхьа Нохчийчоь а.
Хоттане. 1982 шеран январь
* * *
Баркалла со нохчи кхолларна, Дела!
Сица а, цIийца а нохчи ву со.
Сан деден бIов ю сан дозаллин эла,
Эхь-бехк а, гIиллакх а цо суна ло.
Синметтехь Iалашбеш къоман тIеIаткъам,
ТIанк аьлла нохчаллех вуьзна со ву.
Хало тIехIоьттича, ца бо ас латкъам:
Собар – сан толаман меттамотт бу.
Баркалла, со нохчи кхолларна, Дела!
Ахь дIа ца дайтарна нохчаллин доь.
Лаьттина, лаьттар ю, лаьтта цундела
Маршонан гIап хилла сан Нохчийчоь!
Хоттане, 1981 шеран февраль
САЙН НЕНЕ
Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана,
Шераша месаш йо хьан тIеттIа сир.
Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана,
Хаьдда сан къоначу синтеман тхир.
Комаьрша догучу хьан дагна гонах
Дикалло яьккхина шен дашо тир.
Ас дагахь Iамийна хьан амат къона,
Къизачу хене и ца дайта шира.
Сан нана, мел жима яр-кха хьо хIетахь.
Ма сиха дIаели и мерза хан!
ХIинца-м хьо хеназа алссам Iа меттахь,
Хорам беш йогучу ойланна сан.
Халла бен ца йолу уча я ара,
Шеконца хьайн дегIе ладоьгIуш Iа.
Ас хIун дан дезар-те хьо яцахьара?
ХIун дийр ду-техьа ас хьо йодахь дIа?
Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха,
Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам…
Хьоьл хьалха вер ву со тIаьххьарчу новкъа,
Хьоьл тIаьхьа дуьненах ца баккха чам.
Хоттане, 1981 шеран апрель
САН НЕКЪ
Сан некъ – хьо бу суна, теша,
ГIулч иръен аьлха.
Ахь кхоьхьу сан ирсан беша
Серлонаш маьлхан…
Сан некъ, хьоь сатуьйсуш даим
Анасиз лаьтта –
Стигалх дIа ца оьйтуш дай и-м
Вайн къинойн латта…
Сан некъ, ахь гаре сатуьйсу
Хьайн ваша – догIа…
Iаьржачу мархаша луьйсу
ГIаргIулийн могIа…
Луьсту ахь гарш, новкъадахарш,
Ойланаш ячош,
Гергарчийн Iожаллеш, дахарш,
Безамаш, ачош…
Сан когех хьожа а йохуш,
КIамво ахь кхерста.
Ойланаш сан акха йохуш,
Хьо керта леста.
Хетало хьан галцаш наггахь:
Цкъа – вон, цкъа – дика.
Хьайна сан гIулч-болар магахь,
Абаде со вига…
Сан дегайовхонаш лаьтта
ДIо хIуьцIий-чIуьчIехь…
Бижахьа, сан некъ хьо, лаьтта –
Сан кхиэлан куьцехь…
Хьайн кераюккъе со виллий,
Хьуо суна хьиеха…
Сих-сиха олуш сайн илли,
Со хьоьца веха…
Хоттане, 1982 шеран март
стр. 3
![]() |
КРАСНОДАР. Сессия ЗСК утвердила изменения в бюджет края на 2026 год и плановый двухлетний период
АРМЕНИЯ. Миграционные тренды в Армении: кто уезжает, кто приезжает и как это меняет рынок труда?
АРМЕНИЯ. Арарат Мирзоян встретился в Манаме с коллегами из Бахрейна и Ливана
АРМЕНИЯ. Стекло армянского производства: кто его покупает и куда поставляют?