ДАЙДЖЕСТ: |
Тхо – бераш – ч1ог1а меца а дара. Юург-м тхайна хир йоцийла хаьара тхуна. Меца хиларал а совнаха, мала хи доцуш, тхо хьогах дара. Тхо хи доьхуш доьлхура. Цхьана дийнахь Супас элира: « Аса дахьар ду хи», аьлла. Массо а Супига цецбевлла хьуьйсура. Хи мичара дахьар ду? Хи долчохь поезд саца а ца бора, нагахь сацабича а тхан не1 схьа а ца йоьллура. Супас ша хи дахьар ду аьпча х1ара телхина-м вац техьа аьлла тарделлера цу чохь болчарна.
Цкъа, сарахь, тхан поезд саца а бина дуккха а лаьтташ бара. Мухха а делахь а корера решеткаш д1аса а теттина, корах цхьа муш а тесина, цу корехула ара ваьллера Супа. Шегахь цхьа кхаба яьккхира цо ара. И кхаба юззина ло а дахьаш дукха хан ялале схьавеара Супа. Муьшах а тасавелла, вагончохь волчу шина стага г1о а деш корах чоьхьа велира иза.
Т1аккха и ло чохь долу кхаба пеша т1е а х1оттийна, цу лайх хи а даьккхина и хи цхьацца т1адамаш кегийчу берашна д1аса дийкъира цо. Цу кхабий чохь деанчу лайх даьккхинчу хих кхачам ца хуьлура. Цул т1аьхьа цхьаьнгара таьлсаш (рюкзак) а дехна цу чохь дахьара ло. Цу таьлсаш чохь деанчу лайх даьккхинчу хих дика таро хуьлура. Берашна мала хи а хуьлура, жим-т1ам чайна меттана кхехко а кхидолчунна а хи хуьлура.
Супас лелочунна Зураъ реза яцара. Цо цунна дов дора: «Хьо стенга ваханера? Хьо схьавале поезд д1аболабеллехь х1ун дийр дара? Хьо, эрна, ца евзачу, адам а доцчу арахь вуьсур вара хьуна. Цул совнаха, поезд ларбеш гондахьа лелаш салтий а ма хуьлу.Оццул бахьана а доцуш мел дукха адамаш дайанера вай арадохучу дийнахь! Салтий т1екхачахь х1ун хир ду хьанна хаьа? Кхин ишта ло ма далахь, бохура Зураъа. Цул т1аьхьа Зураъас ларвора Супа. Амма цхьаьнгге а ла ца дуг1уш, массеран а шена т1ера б1аьрг а туьлийтий Супас кест-кеста цу тайпана ло дахьара.
Цкъа цхьана дийнахь ло дан ваханчуьра х1инццалц санна воцуш, цхьа воьхна хеталуш, ши б1аьрг а ц1ий а бина, ло дахьаш веара Супа. Х1ун хилла аьлла хаьттича, цхьан а х1ума схьа ца дуьйцара цо. Цхьа де даьлча цо дийцира: «Со ц1ена ло эца г1ерташ поездашна дикка гена а ваьлла, таьлсашна чу дуьззина ло а доьхкина, схьаван г1ерташ со воллуш, цхьа масех салтий вара айъана цхьа х1ума а яхьаш, со волчу аг1ора схьавог1уш. Со ч1ог1а кхеравеллера. Жимма суна д1анехьа саьнгар аьлча а, цхьажимма чутаь1ина меттиг яра, жимма цхьа яраш а яра цигахь т1е диллина ло а долуш, цигахь бертал а вижина д1атебира со. Х1инца, Зураъа ма-баххара, 1ожалла т1екхечи-кха, аьлла хетаделира суна. Со меттах а ца хьовш 1уьллуш вара. Суна т1екхачале цхьажимма д1анехьа йоккханиггий, жиманиггий ши х1ума охьайиллира цара – салташа. И салтий сихха д1абахара. Со схьавог1уш со ца 1авелира уьш х1ун ю ца хьаьжча. Ца1 къена воккха стаг хиллера, важа жима, схьахетарехь, шо кхачаза бер хиллера. И ши дакъа эрна арахь, цхьажимма т1е ло а хьаькхина дитира салташа. И воккха стагга-м суна х1инца а чохь са долуш хийтира.Цунна дара-кх со кхеравалар а, со велхар а», аьлла дийцира Супас.
Х1етахь нохчашна баш оьрсийн мотт а ца хаьара. Ткъа Супа-м жима бер ма дарий, цхьайтта шо бен кхаьчна а воцуш.
Лулара вагончуьра оьрсийн мотт хууш волу цхьа стаг а валийра салташа. Цуьнга дийцийтира: цхьайтта шо бен кхаьчна а воцуш волу Супа, дех-ненах къаьстина хилар а, иза бераш хьогалла доьлхуш хилча, массарах а лечкъинна, корах ара а ваьлла ло дан вахар а, цу лайх хи а доккхуш цо и хи берашна д1адоькъуш хилар а, Зураъ цу к1ентан дола дан г1ерташ хилар а. Кхин х1умма а ца олуш салтий д1абахара. Дукха хан ялале цхьа-ши ведар чу г1ур долуш болчу ей чохь салташа хи деара тхуна.
Цул т1аьхьа кхо де даьлча салтий юха баьхкира.
Вагончохь мелберш ч1ог1а кхерабеллера. Хьанна хаьара цу салташна х1ун дага деанна.
Супа д1а а вигина, детдоме д1авала дохку шаьш бахара цара. Зураъа ша шен бераш санна лелош ву иза, ша иза д1авуьгуьйтар вац, бахара.
Зураъ а йоьлхура, д1аваха ца лууш Супа а воьлхура.
Т1аьххьара дуккха а дийцинчул т1аьхьа и салтий д1абахара Супа д1а а ца вуьгуш.
Амма бакъду Супа бахьанехь салташа х1ора денна бохург санна хи дахьара тхуна, цул т1аьхьа.
Цкъа цхьана дийнахь, схьахетарехь тхо цхьана к1иранах д1аихинчул т1аьхьа, цхьа гола тухучу метте кхаьчна хиллера тхан поезд. Массо а вай юха ц1адуьгуш ду бохуш, шай-шай цу чохь долчу жимачу корехула арахьажа г1ерташ, хьийзаш дара тхан вагончуьра адамаш.
Зударш боьлхуш бара. Тхан денана а ч1ог1а тешаш яра тхо ц1адуьгуш хиларх.
Амма цунах а г1уллакх ца хилира.
Кхин цхьа х1ума а дара суна йоккха хилча а дага йоьхуш, со ца кхеташ. Тхан вагончохь болу божарий а, божабераш а не1арт1ехьа д1а а гуллой, го а бой, т1араш а детташ, когаш а бетташ,цхьацца г1овг1анаш еш хуьлура. Даима а и цхьа меттиг яра цара и х1ума лелош ерг. Со йоккха хилча нене хаьттира аса: «Х1етахь т1араш а детташ, когаш а бетташ, наггахь зикарш а деш оцу наха х1ун леладора? Гуттара а цхьана меттехь ма леладора цара иза, аьлла. Тхан нанас дийцира суна: вайн поездан не1 схьайоьллуш а яцара, божарех цхьаннин араваха я доккха, я жима г1уллакх хилча не1арт1ехьа даьккхина долчу 1уьргана го а бой чохьболчарна тата ца хазийта г1овг1анаш еш бара уьш, аьлла. Зударийн-м буьйсанна массарна а наб кхетчий бен шайн г1уллакх дан йиш я яцара. Оццул халонаш а мацалла а ловра нохчаша, амма цкъа а г1иллакхах а оьздангаллех а оцу халачу хенахь а нохчий боьхна ца гина суна.
Дукхах йолчу хенахь – дийнахь а, буса а тхо дийшина хуьлура. Дуьне а бодане гора, адамаш а дохк йолуш санна кхоьлана гора. Х1инца тхо мац ца деллера, х1инца тхо мацалла дала дохкура.Де-дийне мел дели тхо мацалла г1еллуш дара. Х1етахь дика кхийтира тхо – дукхах дерш, «Мацалла» бохучу дешан чам муха бу. Берийн ловзаррий, вон леларрий иза-м, мичара, дага а ца дог1ура тхуна. Тхуна массо а ханна дагахь ерг яъа х1ума яра.
Иштта цхьана дийнахь йижина 1уьллуш йолчуьра со хьала г1атта йоьлча хьала-м мухале а ца г1аттаелира со, со охьаюьйжира. Массо а суна гондахьа бевлла, шайн хирг дан г1ертара, со-м хьала ца г1атталора.
Иштта цу тайпана со йижина 1уьллучу хенахь, суна цхьа а х1ума а ца гора: вагонан чоь а ца гора, адамаш а ца гора суна, тхов а бацара суна гуш. Цхьана гена-гена йист йоцчу лакхахь, сирлачу стиглахь цхьа сирла жима го гора суна. Х1оз санна бара и го. Оцу гона юккъехь цхьа 1аьржа т1адам бара. И го а, и т1адам а ца1 цхьана аг1оррий, важа вукху аг1оррий хьийзаш бара. И го а и т1адам а суна т1е охьаоьхуш бара.
Охьа мел оьху жим-жимма боккха хуьлура и шиъ. Иштта и шиъ юххе мел кхечи а «зу-з-з-з-з» баха болабелира и шиъ, аьлча а суна-м оцу гона юккъехь йолчу 1аьржачу х1умано бохуш хетара иза. Цо бохуш долу «зу-з-з-з…» цхьа дег1ах а, лергех а, дагах а, массо а меженех а чекхдолуш ч1ог1а лазаме дара. И ши х1ума – и гой, цунна юккъехь болу и 1аьржа т1адаммий – юккъехь к1езга херо йоллушехь и шиъ вовшах хьакха а ца лора. Со-м ч1ог1а кхоьруш яра и шиъ вовшах хьакхабаларна.
И шиъ вовшашна дуьхь-дуьхьал хьийзаш бара. Нагахь и шиъ вовшех хьакхабелча-м и шиъ а, х1ара дерригге а дуьне а эккхар долуш дара. Иза суна хууш дара. И ши х1ума – и т1адаммий и гой (х1оз) йоккха хуьлуш... йоккха хуьлуш... йоккха хуьлуш, церан «зу-з-з-з-з» а, г1овг1а а ла ца яллал ч1аг1луш,ч1аг1луш, ч1аг1луш и ерригге а чоь а хьовзош, х1ара дерригге а дуьне а хьовзош ян а еъана суна т1е юьйжира. Цул т1аьхьа хилларг суна цхьа а х1ума а дага а ца дог1у.
Цхьана хенахь, суна сатосуш ду аьлла а хеташ, цхьана 1аьржачу мархашна юккъера жимма серло гучуяла йолаелира. Жим-жимма г1овг1анаш а хаза йолаелира суна. Со кхетамчуьра яьлла цхьа дей-буьйсей д1адаьлла хиллера. Х1инца жим-жимма адамаш а гора суна.
Тхан нанас лергара дашо ч1агарш а елла ахьар эцна хиллера тхуна вагончохь йолчу цхьана зудчуьнгара. Оцу ахьарх цхьа буй ахьар а тесна ей буьззина тхуна массарна а чорпа йина хиллера цо. И чорпа суна бага юьттуш хиллера тхан нанас. И чорпа бахьанехь со кхетамчу еана хиллера. Цул т1аьхьа а цхьа буй ахьар а тосуш ей буззе чорпа йора оха. Ма мерза хетара тхуна иза! Цунах мацалла ца даллал таро хуьлура.
Де дийне мел дели тхо мацалла г1еллуш дара. Цхьа тхан нана йоцург тхан доьзалехь дерриш а тхо цомгуш дара. Цуьнан ткъей пхиъ шо дара. Иза ца хиллехь тхо дерриш а мацалла а, г1елалла а д1а а кхачале, новкъахь, делла хир дара, схьахетарехь. Кхоьчу вагонашна чохь берш тхол а хала бохкуш бу бохуш дуьйцура. Х1унда аьлча, цхьайолчу вагонашна чохь пешаш яцара. Цундела ишттачу вагонашна чохь ч1ог1а шийла яра. Шийла хиларе терра исанна йолчу вагонашна чохь болчийн г1елбаларш а, цомгуш хиларш а мосийттазза алсам дара. Цул совнаха белларш а салташа д1абуьгура. Уьш эрна арахь, лайлахь д1акхуьссура. Цомгуш берш а салташа д1абуьгура больнице охьабохкур бу шаьш, табелча шай-шайн доьзалех д1атухур бу шаьш, олий. Уьш а цара лайлахь балийта охьакхуьссуш хиллера.
Тхан вагончуьра зударша шайн цомгуш долу бераш, салтий чубог1уш хилча, хьала говттадора, я кера схьайоьцура. Супас дийцинадела тхо хууш ма дарий, цомгуш берш а, белларш а, арахь д1акхуьссийла. Баккхийнарш а, уьш цомгуш болуш 1охкуш белахь, хьала г1овттабора, салтий д1абаххалц. Цундела тхан вагончуьра цхьан а д1а ца вигира.
Тхуна некъ ч1ог1а бахбеллера. Хеталора, цхьа шо а хир ду тхо новкъахь долу, олий. Кхача дезачу д1акхаьчна мукъане а делара вай, олура кест-кеста тхан денанас.
Иштта тхо д1айоьхуш цхьана дийнахь тхо Сары-Озек олучу цхьана казахийн г1алан станце кхечира.
Цигахь яьхкина лаьтташ дуккха а т1ехь тхевнаш доцуш йолу, киралелош йолу машинаш яра. Царна т1е а даьхна тхо дийнаххьий-бусий д1аихира.
Тхо дуьггушехь Ленинан ц1арахчу колхозе д1адигира. Цигара ц1енош тамашийна хетара тхуна. Уьш дара лоха а долуш, лаьттах доьттина пенаш а долуш, тхевнашна т1етесина латта а долуш. Тхуна уьш юьхьанца божалаш ду моьттара.
Тхан доьзалехь цхьа тхан нана йоцург могуш цхьа а вацара. Массо а цомгуш велахь а, кегий бераш делахь а тхан ненан хьалхарчу деношкахь дуьйна колхозан ара балха яха дийзира...
Источник:: журнал "Нана"
АРМЕНИЯ. Армянский футбольный клуб отказался выходить на матч чемпионата в знак протеста
АРМЕНИЯ. Авиакомпания Armenian Airlines соединит столицы Армении и Грузии
АРМЕНИЯ. В Турции призвали Азербайджан и Армению воспользоваться историческим шансом
АРМЕНИЯ. В столкновении поезда с машиной в Армении виноват водитель – ЮКЖД
АРМЕНИЯ. Карабах частью Азербайджана признал депутат правящей партии Армении
ВОЛГОГРАД. Фанаты Сирии устроили антиамериканский митинг перед матчем в Волгограде
АСТРАХАНЬ. Депутаты Думы Астраханской области поддержали ряд изменений в налоговое законодательство