Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ЧЕЧНЯ. Джумалаева Лулех дош…


Просмотров: 1 705Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:
ЧЕЧНЯ. Джумалаева Лулех дош…

ЧЕЧНЯ.  Хийла тайна кIанта, оьзда зудчо, хийла дика адамо дитина дуьне ду хIара. Бухабуьсучарна синтем хиллал бахьанаш а хIуьттуш, дIабахана уьш эхарта. Кху лаьтта тIехь кIоргга лар йитинарш а бу, мохо йаьхьна чемхалг санна, шайх дагадан хIума доцуш, байнарш а бу. Шайн дахар маьIнах дуза ницкъ кхаьчна цхьаболчийн, кхиберш даьсса таьлсаш айина бахана, йолуш хилар а шаьш шеконе диллинчу Йоккхачу Кхиэле… Ткъа Кхиэле-м хIетте а хIотта ма дезий хIораннан а, шеко йа дог тешна хилар хьесапе а доцуш. Жоп дала а деза, Iер-леларх хьовха, садеIарца йагарйинчу хенах а цхьаьна. Эрна йайинарг дошах тIе а йазлуш, дикачух йузийнарг, гIуллакх хир и, дош хир йа ойла, боданехь нуьрах лепаш, къевкъехь IиндагIа хуьлий хIуьттуш…

Суна йовзарехь, Лула хенан пусар динчех йара. Кхочуш хила тарлучу а, хиллане хила йиш йоцчу а сатийсамашка буьйлуш, дар-дитаран метте доIа-дехарш хIиттош беха нах пайдениг дан ца ларабо. ХIумма деш а боцуш, амма гуттар а хан ца тоьаш беха уьш, тIе мел кхаьчначуьнга леткъамаш а беш. Баьссачу сатийсамех тIорказ дузалац, йижина Iохку дегайовхонаш а Iахар йуьсу.


Белхаш дукха делахь а, кхачам боллуш цаьрца ларайора Лула. Дахаран урх тесна ца йуьтучийн, шен зама низамна кIел сецочийн билгало йу и. Журнал тоьллачийн могIара латто а, йозанан нахаца хьо-со лелон а, шен кхоллараллехь къахьега а кхуьура иза. «Кхоллараллехь къахьега» алар сайн нийса доций а хаьа суна. ХIетте а иштта дIаэли-кха ас и, йаздархойн, йозанца болчу журналистийн дог кхоийна. Цу балхах хуьлучу йоле диллича, къахьегар-м хIетте а дацара и, нийсса дIа вецаш хилар ду-кха. Делахь а, цхьаьнна тIедожа дезаш а, тIедоьжначо дIатекхо дезаш а дукъ ду-кха йукъарчу балхах дерг, дехьа-сехьа кхийдо там а боцуш, йа кхийдорах, кхечо шен лаамца хьоьгара дIаоьцур а доцуш. Лула шен кхожана муьтIахь лаьттира, оьмаран йист-зиле кхаччалц. 


Ткъа кхаж-м банне а аттачех бацара.


Литература а, и литература шайн йозанашца кхиош болу нах а безаш, цаьрца уьйр тесна, шен говзалла гуттар а тусуш, дешан ницкъ шена муьтIахь латтош, схьайогIура Лула. Цу заманашкахь йуьхьадуьхьала гина йац суна иза, дош-къамел а ца деана тхуна йукъа (тIаьхьо-о девзина тхо уллера), амма дешаран а, кхоллараллин а гIуллакхаша, тIаьхьа балхо а цунна улле нисбина, цуьнца хьо-со лелла болчу наха йийцарехь а, цо ша йазйинчу произведенешкахула а кхачо йоллуш йевзина суна Джумалаева Лула.


Поэтесса, прозаик, журналист…


Лулас куьйгалла дина, аьлча а, цо ша вовшахдиттина «Нана» журнал ца девзаш стаг хир вац вайн республикехь. Шен хьалхарчу лоьмара тIера тахханалц схьа нохчийн ненан, нохчийн зудчун, нохчийн йоьIан васт достуш, нохчийн гIиллакх-оьздангаллин сийлаллаш толлуш, церан чам-марзо дешархошка дIакхачош, схьадогIу и журнал. Нохчийн йаздархойх, поэтех хIора а вуй-те, аьлла хеташ, цу редакцехь хуьлуш а вара, кхузахь шаьш лоьху кхоллараллин накъосталла а карадора царна. Ткъа суна кхин хьахо лаара. 


Хала заманаш текхна вай. Хьалхара тIом…


Нас приглашали с ухмылочкой в Ад.
В этот город с щербатым оскалом.
Те, кто звался толпою усталой,
Нынче — трупами — сложены в ряд.
Жизнь — весёлая, глупая, смутная -
Молча вылилась в смрадную Смерть.
Помнишь Сунжу, от крови мутную?
Помнишь женщин — предсмертное — «нет!»?
Помнишь псов, объедающих трупы?
В центре города — пыльный смерч?
Помнишь смертную тишь фильтропунктов?
Взгляд малышки, рисующей Смерть?
Помнишь. Помним... Надолго запомним.
Эта память — осиновый кол
В трусость тех, кто бесчестьем заплёван,
В тех, кто истину ложью замёл.
Нас так долго учили молчанью.
Нас так долго вели в дураках.
Может, хватит стадным мычаньем
Осквернять павших юношей прах?
Не затем умирали подростки,
Чтоб их мать, подаянье прося,
Проклинала бесовскую поросль
Этих замков — притон воронья.
Не затем очищались от скверны,
Не затем горела земля,
Чтоб от блеска грошей ослепли
Те, в чьей власти так слепо Чечня.
Нас приглашали с ухмылочкой в Ад
Остряки от российской сермяги.
Но привратником в ад — бывший брат?
… Видно, знали соль шутки вояки.

I996г.


Цул тIаьхьа йаьхкинарш а йара Iаламат карзахе заманаш…


ХIинц-хIинцца дIабирзинчу тIамо дохоррах, кхин ваьшта дан ца туьгуш, тахане йанне а йоцуш йа, мел хьалха хьежарх, бIаьрге кхане а ца лацалуш, тилкхаз даьлла хьийзаш дара нохчийн къам. Ма-дарра аьлча-м, дIабирзина лара а ца богIура тIом. ТIом дIаберзар дац-кхи деккъа даккхийра герзийн дурр дIатер а, дIо-о цхьаьнхьа мархашна йукъара охьаIена бомбанаш совцар а. Цу тIе даьлча, дуьххьалдIа оцу шина къематах лаьтташ ма баций тIом. ТIеман васташ дагардина ца валлал дукха ма ду, шайх коьртаниг къизалла а йолуш. Ткъа иза, и акха къизалла, махкахь шорта йара. ТIом болчу хенахьчул а сов гора герзех боьттина нах, мелла а алсамйевллера эвхьазлонаш, вас-гамонаш. Вер-ваккхарш, адамаш лечкъораш, талораш… ДIо-о цхьа арахьарчу мостагIийн буьйр-омранца, амма вайн къомах болчу йамартхойн куьйгашца ден зуламаш, шайн маьттазаллийца мел доьналлечун а ойла кIелйуьтур йолуш долу… Йуха гIорасизалла а. ХIаъ, и а йу-кха тIеман маьттазчу вастех. Талийна дIабаьккхина мохк. Школаш, больницаш лаьттинчохь – йеккъа херцораш, селхана меран-йовхарел башха вай ца даьшначу цамгарша тахана, туьран дитто санна, эгош…


Напхийна дан амал доцу доьзалийн дай – йехачу буса цхьа гIаддайна ойланаш кегийча, дерзинчу бакъдолчух тIекIел духарех къарзйелла наб хьаьрчий, цу полах цхьа декъаза сатийсам кхиабой, деллахь, тахана мукъна а, мухханиг хилла а, болх карийна, сом-эппаз даккхаделла, хIусаме баьпкан йуьхк йалур йацара-те, олий, оцу бIаьрзечу бозбуунчаллех Iехалой, садаьржаш кех волий, сарралц раз-пурх некъ-урамаш идадой, нехан чу хIоттал бIарзлой, амма шен неIаре хIотта бIо ца булуш, кхоьлина бIаьргаш наггахь стигала хьала а хьовсош, шаьш дехачу ков-кертана аьрро гонаш туьйсу доьзалийн дай… Вешан цIийца-тIамарца вай сатийсина паргIато даррехь йемалйеш йара, къоман шех бIоболар, шен сино хьоьхучух тешар, харцийна, дIадаьккхинера. Бакъ-харц, ораллин хенахь лаьхьарчий санна, басталун боцу тIеда уьйриг хилла вовшех хьаьрчинера, цхьаъ вукхух къасталур а доцуш. БIеннаш шерашкахь тхьамдаллехь лаьттина сийлаллаш цIунала охьатийсинера, цIе хийцарца церан йуьхь а талхош. ХIаъ дера, и а дир-кха, къонахаллех сонталла а олуш, хьаналчух ваха ца хуург а веш, дайша дитинчунна тIетийжарг Iеса а кхайкхош…


Карзахе зама йара, йара-те…


Цу чолхечу замано, тIегIоьртинчу вуонех хьалхадовла вешан кхетам ца тоаро а нохчийн зудчун хьекъалх, цуьнан хьуьнарх тешийра вай. Бож-Iелин кураллийца «зуда – зуда бен йац-кха, зуда къам а дац» баьхна болу божарий, зударийн даше ладегIа буьйлира, и дош доьналле а карийра царна.


Даруй мне слабость, Всемогущий Бог.
Как много сил отпущено мне ныне…
Я — Женщина. Но в мире нет Мужчины.
Всё — что-то в плоти, в похоти и в гнили.
Как этот мир хитро перекроили!
Даруй мне слабость не внушать им стыд -
Орущим ордам торжища времён,
Сумевшим испохабить тьму знамён,
Клянущим именем Твоим -
Твоих пророков… в дым.
Даруй мне слёзность жалоб и речей,
Способных растопить — моё же — бремя.
Даруй мне не взирать — на время
Гремящих сзади ворохом ключей.
Даруй мне слабость женщиной остаться -
Неистовой отступницей Судьбы.
Даруй мне слабость с миром не расстаться…
Или ему остаться помоги.


Ша-тайпа йу Лулийн поэзи. Байтийн охIланчаша дика дуьйцур ду церах. Сайна хьакъ доцчу кха тIе, со охIла воцчу балхе кхийда ца лаьа суна. Поэзи ца йезар-м дера дацара сан и, дуьххьал дIа оьшу дош коьрте ца дарна кхору-кха.


Со Лулин прозано инзарбаьхначех ву.


КIеззигчу дешнашца доккха сурт хIотто говзалла йолуш йаздархо йара иза. Баккъалла а аьлча, хIума дийца данне а хала дац, йа генайаьлла корматалла а, йа доккха похIма а ца оьшу хезнарг-гинарг дийца. Цул сов, дийцинарг дIоггара кхачаме а ца хуьлу, стеган ойлане, цуьнан даге кховда лерина хьо велахь. ХIума гайта деза, беснаш а ловзуш, хьожа а йетталуш хила догIу йаздархочо хIоттош долу сурт.


«…после первой войны мы возвращались в пустые дворы, вернее, в прямоугольники бывших дворов, с абрисно – обломками прежних фундаментов – обозначенными границами. Нас встретили руины – фрагменты бывших жилищ, словно рассыпавшиеся пазлы из детской игры. Земля, сплошь усеянная крошевом стекла, гильзами, битым кирпичом, кусками бетона с торчащими рваными ошмётками арматуры, бесчисленными осколками вперемешку с лоскутами штор, сорванных с окон и гниющими тряпочками застрявших среди мусора и бьющихся на ветру, валяющимися абажурами торшеров, погнутыми, с жалко смотрящимися на пронзительном дневном свету стеклянными подвесками люстр, непонятного цвета лоскутами обоев, разбухшими под дождями остатками мебели – и… пеплом… Словно взорванный изнутри, вывороченный наизнанку, стыдливо оголившийся быт. Вырванные с корнями – взрывными волнами – деревья и пронзительное небо над оглушающей тишиной мёртвого пространства опустевших улиц…»


«…Мы так и вспоминаем это время – «время I-й Мировой», второй… И будем вспоминать. Наверное, потому, что для нас тогда действительно весь мир был – вот эти развалины в центре некогда крупного города, а сейчас – огромного каменного карьера. Мир был – это огромное куполообразное небо, в которое мы буквально врастали /такого не видела и в степи/. Мир был – наше бесконечно нищее и абсолютно никому не нужное и неведомое прочему миру бесправное и полуголодное существование в этой геометрической абстракции, которому человечество, поднаторевшее в войнах и разрушениях, дало название «руины». Да. Руины ушедшего в небытие, словно и не бывшего никогда мира, руины наших, казалось, вечных, жилищ, руины наших маленьких человеческих миров…»


Иштта бу и, нохчийн зудчунна гина тIом…


Дуьззина сурт. Сираллера макхалле лелха беснаш а ду, туьран дитто санна, бIаьрг цоьстуш… Хьожа а йеттало... Докъан хьожа… ДегIастанахь мел долу каш цхьанаметта даьстича санна... де-дийне мел долу дукълуш догIу хIаваъ лахьтанаш чохь бухдуьйлуш долуш санна... барам тIехь мел ваьхьнарг, цхьа бохам тосабелла, йуха цIавеъча санна, шайн марчошна йукъахь кошан нIаьний а дохьуш...


Бакъ волчу йаздархочун дарж дIакхехьа, иза лардан вуно хала ду. Доккха жоьпалла ду цунна тIехь. Цкъа делахь, гуттар а халкъаний, цунна тIехIоьттинчу Iедалний йуккъехь латта везаш ву и, халкъехьа озабезам а болуш. ШолгIа делахь, халкъан синхьал, цуьнан ницкъ-таро теллина, йевзина хила веза. Цу халкъе далун дерг а, цуьнан гIора кхочур доцург а хиъна, сонтачу аьрхаллех иза лардан гIорта декхар ву йаздархо. Карара зама а, цу заманан лехамаш а бовзарехь лула-кулахь а, дехьа-сехьа а дехачу къаьмнел дуккха а тIаьхьадисина долу нохчийн къам царна тIекхио гIортар а йаздархошна тIехь ду…


Иштта йоккха го суна вайн йукъараллехь бакъ волчу йаздархочун, Iилманчин меттиг.


Дешнаш вовшах а доьзна, мужалта тIе шен цIе йилличхьана шех йаздархо хуьлу моьттуш дуккха а йозанчаш кхиъна вайн. Кхиъна аьлча а, леррина кхиийна-кха, вайн вуьшта а гIийла йолу литература билггал йохорхьама. Киншкаш йоьшуш болу нах чомах бохийна. Жижиг-галий, чIепалггий дууш ваьхна стаг, китайхоша кечъечу кийра бесточу гарзанашка марзвар санна хIума ду и. Оццу гарзанаша дегI талхоре терра, и вай йуьйцучу сакхт киншкаша нехан са талхадо. Доккха зулам ду и. Эхартан дикане сатуьйсила-м муххе а йацара къоман са талхочийн, нагахь цу эхартах уьш тешаш белахь а, дуьне а дац-кха церан. Иштта халкъана йамарт хиллачух замано цуьнан доьзалшна тIехь чIир оьцу. Селхенашка йухахьовса вай мало ца йичхьана, тоьшаллаш а гур ду-кха вайна, дагардина ца валлал дукха…


Джумалаева Лула бакъ йолу йаздархо йара. Цуьнан хIора произведени дахаран философих йуьзна йу. Академически философин терминашца холчайаьккхина а йоцуш, маьIнаш чучча хьийзийна а доцуш. Цуьнан философи дуьненах а, адамах а, цу шиннан вовшашца йолчу уьйрех а, гамонех а йу. Лулина бакъдерг карийнера – Делаца а, адамца а шалхонаш лело мегарг ца хилар. Олург нийсса дIа хила деза, мел къаьхьа, мел лазаме и делахь а. Стаг кхоийна йа тIехуленах Iехавелла бакъдерг хьулдича, харцоно той хIоттадо. МоттаргIанашка доьрзу доллу хIума а, ткъа моттаргIанашца беркат хуьлийла йац.


Лулина нохчийн зудчун са девзинера. Оцу сица лозург а, цу синна тем бийриг а къасто хаара цунна. Лулин прозин а, поэзин а хIора произведеница нохчийн зудчун син цхьацца агIо дIайеллало дешархочун кхетамна. ЦIена, сирла са ду Лулас вайна довзийтинарг. Вайн нанойн, йижарийн са!


Къонаха къонахчунна бен вевзар вац, баьхна вайн дайша. ХIета, сирла, цIена са довзийта а хуур дац-кха, ша сица сирла, цIена воцчунна.


Дала шен эхартах йоккхаейойла вайн йиша Лула… Дала декъала дойла нохчийн къам!


ЮСУПОВ Iусман, йаздархо, гочдархо, публицист


Источник: Газета "Орга (Аргун)" 2024 год. 


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"