Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

"Ва стаг, хьо ма хьевели..." Яхиханова Дагмара


Просмотров: 9 902Комментариев: 0
ДАЙДЖЕСТ:


1944 шо дара. Адаман доьзал х1усамнаний, к1ант, йо11ий Дагестане кхелхинера, кхуьнан девешех ц1ий хьарчара бахьана долуш. Иштта юьртах бевла, цхьаццанхьа баха хевшинера кхин болу ц1ийн нах а. Х1ара сецначу юьртахь тайп-тайпана къаьмнаш дехара: г1умкий, суьлий, г1азонкий, оьрсий. Ала деза, уьш кхаьрца дика а, къинхетаме а бара.


Адаман х1усамнана, Хьава, ц1ера Шелара яра. Хьаван ши ваша, Нуриддий, Джуниддий, т1ом а балале эскаре кхайкхина хиллачу цу шингара доьалг1а шо дара цхьаний тайпа хаам боцу. Сих-сиха йог1ура йиша Шела, вежаршкара хабар дуй хьажа.
Иштта, февраль бутт юккъе баханчул т1аьхьа а нисъелира Хьава дец1ахь. Ч1ог1а цецъелира х1ара, массеран бохург санна керташка, д1аса бекъна салтий байча. Хьава шайн уьйта кхочуш, кхеран кертахь ши салтий вара цаца кхуьйсуш, ловзуш. Кхозлаг1ниг к1алд берамал йоьллина чермина т1е а волий, и керчош д1аваха г1уртура. Амма и ца долуш охьакхетара. Цунах самукъадолий т1аккха массо воьлура. Черми чуьра к1алд уьйт1е мел ю 1аьнна яра. Хьаван нанас 1аьнна кечйина яра иза.
– Ой! Х1ара х1ун ду лелош дерг? – Хьава ч1ог1а даръеллера. Кхунна оьрсийн мотт а дика хаьара. Дег1астанахь оьрсийн лулахо бахьана долуш а шарбеллера кхунна иза. – Сан нанас дамий, ахьар лоцуш лелош бу х1ара цаца, шуна эхь ца хета и ловзо? Советин салти иштта хила йиш яц, мичахь ду шун низам? Кху йоккхачу стеган ши к1ант а ву т1ам т1ехь. И шиъ-м хир вац хьуна шу санна лелаш. Схьакхайкхал шайн командире, – бохуш, девне елира Хьава.


Командир схьа ца кхайкхинехь а, кортош оллийна шайн ловзар сацийра цара. Оьрсийн маттахь вист хуьлуш стаг хир ву а ца моьттара царна. Кхин дуьхьал х1умма а ца олуш, ша шега вист хилира цхьа салти:


– Слава Богу, сито вам не понадобится. Не долго осталось...
Кхин д1а цо бохург ца къаьстира. Лов-в аьлла, кийрахь ц1е летча санна, холча х1оьттира Хьава. Диканна боцийла-м хаьара кхунна и салттий массеран а чохь.
Буьйса а яьккхина, шолг1ачу дийнахь, юха Дег1астана новкъа елира х1ара. Кхин кхоъ-диъ де даьлча, Хаси-Юьртахь, цхьацца хабарш хезира Хьавана – нохчий, г1алг1ай, чергазий, г1ебартой махках бохуш бу аьлла. Кхин а ч1ог1а дагна 1аткъаме дара, уьш х1орда чу кхуьссур бу бохург.
Хьаван ц1ийнда тоьллачех напхо (нефтяник) вара, Къаспи х1орда т1ехь болх беш. Белхан хьокъехь, говзалла лакха яккха, Тифлисе вахийтина вара иза цу хенахь. Ши бер, ша цхьанхьа йоьдуш, оьрсийн лулахо, Петровна, йолчохь дуьтура Хьавас. Чу кхаьчча, бос бехьна Хьава яйча, гонаха хьаьвзира Петровна. Шена Шелахь гинарг а, хезнарг а дийцира цо шен оьрсийн нешие. Петровнас шена и хууш дара, хьан дог ца дохо 1ара ша элира.


– Т1аккха хьуна кхерам бац, Дег1астара нохчий меттах бохур бац, – аьлла т1е а тухуш. Петровнийн ц1ийнда комендатурехь болх беш вара. Схьахетарехь, шайн чохь, кху шиммо дийцинчух тера дара, Нохчийчохь х1оьттина хьал.
Цхьа ша тайпа ойла хьаьвзира Хьаван коьрте. Ч1ог1а лоруш хилла оьрсийн лулахочуьнга, х1инца цхьа цабезам г1аьттира. «Сох хьан дог а кхаьрдаш, ца дог1учу дагца хьуна ела къежаш, хьан лулахь 1ийр яц со», шен дагахь сацам бира цо.

Карзах елира Хьава:
– Ой, ахь х1ун дуьйцу? Сайн нана, гергарнаш, сайн халкъ балане лаьцначу дийнахь, ма дика ду и бала сох ца хьакхабелла, суна чу ца беъна бохуш, со муха 1ийр ю!? Сайн къомана х1ун хилла а ца хууш, детта са дац сан. Со сайн нахаца цхьана хилча, х1оьттина хьал суна гуш хир ду. Сайн къомо 1овшуш йолу хало 1овшур ю ас а.
Сихха берашна т1е х1ума йоха йолаелира Хьава. Петровна шина берана, т1аккха Хьавана т1еетталора.
– Хьо саца лур яц соьга, х1ара ши бер соьца дитахьара ахь, – йоьлхура Петровна. – Хьан ц1ийнда а ма ву ц1а ван везаш. И ма холча х1уттур ву. Ас дуй буу хьуна, хьан бераш сайнаш санна лелор ма ду ас.


Хьаван юьхьа т1е хьаьжча кхийтира Петровна, ша дуьйцург эрна дуйла. Хьаван юьхь болатан хеталора, цуьнан сацам хийца да вацара. Ги тосуш долу тускар чу берийн йовха х1уманаш, цхьацца дарбан яраш, дума, кхорийн цу, сискал йиллина, жима Мата мара йоьллина, Мовсар куча юх лаьцна, г1аш, Соьлжа-Г1ала боьдучу, новкъа елира Хьава.
Ма йоьхна ойла хьийзара коьртехь. Букара дарц хьийзош, цхьа ша тайпа шийла де дара и. Ло диллинчу арахула, елхаран къурдаш деш, наг-наггахь новкъахь 1уьллучу б1аллах ког а тасалуш, йог1ура х1ара. Жима Мовсар кучан юх лаьцна, хала вог1ура.
– Нана, вай д1акхача дохкий? – олура цо сих-сиха.


Буьйса юьйлира кхара некъ беш. Дуьххьара т1екхаьчначу нохчийн юьртахь сецира Хьава. Цхьаьна к1ет1ахь мохь туьйхира кхо. Цхьаммо а жоп ца лора. Керта яхана, не1 йиллина чоьхьа елира х1ара. Чохь цхьа а вацара. Ладоьг1ча, юьртахь цхьанхьа адамийн г1ар яцара хезаш, г1аддайна лета ж1аьлийн, 1оьхучу хьайбийн йоцург. Кхо ара баьккхинчу некъах кхеташ санна хьесталора д1атесна ж1аьла. Божалахь масех бежана а, бун юьззина котамаши а, кортош чучча а дахийтина тийна 1аш дуккха а уьстаг1ий дара. Самукъадала дуккха а беркат дара кху кертахь. Хьавана хаьара, массо а нохчийн кхерч иштта буйла.
Шенна олий, ц1е тухий ца йо нохчаша г1ишло. Воккха хиллачу доьзалхочунна, керла х1усам кхуллуш бежана, уьстаг1, котам, кхин чохь оьшур йолу йийбар ло. Гегарчара а доккха г1о лоцу керла доьзал кхуллучунна а, маре йоьдучу йо1ана а.


Массо а кертахь 1аьнна лахьа доь, берамал к1алд йуллу, нехча кечйо, хьелийн даьтта, г1абакх, кхоь, ахьар кечдо. Олуш ма дай: “Аьхка хье ца кхихкича, 1ай яй ца кхехка”.
Ши бер дуза а дина, лула керта хьажа яхара Хьава. Юьртара адам, шеко йоцуш, ара даьккхинера. Лета ж1аьлеш, кхойкху н1аьнеш, 1оьху бежнаш, терса говраш – цхьа ша тайпа, инзаре, дог 1овжош г1ар яра хезаш. Кху шийлачу дийнахь, 1аьнна чу бирзина нах, синтем бохош, луьра 1азап гойтуш ара даккха ма боккха бехк хила безара, ма доккха г1алат даьлла хила дезара. Масане цомгашниг, заь1апниг, дан амал доцуш хилла хир ву...
Лула а, кхин йолчу керташка а, ша мел ларайо хьайба дихкинчура достуш, докъарна т1едаха царна аьтто боккхуш, ж1аьла д1ахоьцуш йолаелла лаьлла Хьава, чу а яхана шина берана юххе охьайижира. Амма наб ца кхетара. Цхьацца ойла керчаш 1уьллучу кхунна дагдеара, кхана говр-ворданахь яха еза ша г1ала аьлла. Сатоссушехь говр-вордий кечдина, вордана ц1а чу йол йиллина, ши бер цу т1е а хаийна, новкъа елира иза.


Цхьа а дуьхьал кхеташ, вог1у-воьду гуш стаг а вацара. Шаьш нохчийн ярташкахь къемата де х1оттийна баккхий беш, цунах деза де дина, цхьацанхьа маларан кад уьйбуш, сакъоьруш 1аш салтий буй ца хаьара Хьавана. Кхуьнан б1аьргаш хи ца соцуш доьлхура. Юьртара ара яьлчахьана дуьйна, некъана бохалла 1уьллуш дукха х1ума дара: т1орказаш, кузаш, юьрг1анаш, г1айбеш, бедар тоьгу чарх, т1о боккху машен, бедарш, аганаш – масане-масане кхин дуккха а х1ума. Пекъарша, шаьш чуьра ара дохуш, шайна хьашт хин йолу х1ума схьаэцнера, амма некъан халалла юха охьатаса дезнера. Дукха хьал дара схьагушдерг. Хьанна хаьа, маса миллионна и хилла? Цуьнан чот йина цхьа а вац. Нохчийчохь массо а некъашца иззий хьал хилла цу дийнахь.
Говр-вордахь хилар бахьана долуш, дикка некъ бацбелира. Г1алахь, вокзалана улле кхочуш, говр д1ахийцира Хьавас. Тускар ги а тесна, Мата мара а йоьллина, Мовсар юххе а х1оттийна вокзалехьа д1айолаелира и. Шийла хьоькху мох, цецах санна дег1ах чекх буьйлура.
Вокзалера схьа, дег1е зуз доуьйтуш, маьхьарий хезара. Деле орца доьхуш, устазе кхойкхуш зударий бара боьлхуш. Божарий, дан амал доцуш, зударшна а, берашна а, дений-нанний хьалха шаьш бехке хеташ, лаьтта б1аьра хьоьжуш лаьттара.


Шина бераца цу ирчачу хьолана т1ейоьдуш яра Хьава. Ц1аьххьана, когаш к1елара латта хаьдча санна, г1одаюккъелц цхьана г1учу яхара х1ара. Нагахь санна, кхо ши куьг д1аса ца теснехь, х1ара ерриге а чу г1ура яра. Гира тускар, г1ун бертигах д1а а тасаделла, доккха г1о а хилира. Куьйгаш д1асатосуш, керара йо1 а охьаюьйжира. Г1одаюккъалц Хьаван дег1 хи чохь дара. Цхьаммо т1ера нег1ар схьаэцна, юха т1е ца диллинера, вагонаш чу хи дуттуш йолчу г1уна. Далла хастам бу, со хьалха а нисъелла, к1ант чу ца вужуш висар. Х1ун дийр дара, иза воьжнехь цу чу, дагтесира Хьавана. Пекъар Мовсар, нанна дан г1о доцуш, воьлхура. Иштта ши-кхо сахьат зама яьлла хир яра. Дег1 тхьуздоьллера. Схьахетарехь, когаш а г1орийнера.
Г1ийла берашка б1аьрг туьйхира кхо. «Петровна йолчохь бита безаш хиллера ас х1орш. Кхеран х1ун бехк бу?» – ойла хьаьзара коьрте. Амма сихха и эккхира Хьавас. Х1ара шиъ санна, ма дукха бераш дара тахана холчахь. Цхьацца бахьанна доьлхучу церан дара маьхьарий хезаш.
Мичара вог1у ца хууш, ши салтий гучу велира.


– Ах ты сволочь, сбежала? – аьлла, катоьхна шина а аг1ор Хьаван пхьаьрсаш а лаьцна, г1у чуьра хьала а йоккхуш такхийра цара. Мата гуьйриг санна т1ома к1ел лецира цхьана салтичо. Ткъа вукхо куьг лаьцна, ког лаьттах ца кхоьтуьйтуш Мовсар вадийра. Оьзда мел йоцу бага етташ, шалон чу кхоьссира шина салтичо Хьавай, ши беррий. Цхьа ирс хилира Хьаван, цу вагон чуьра нах, кхуьнан ц1ийнда ваьхначу юьртара а нисбелла. Зударий гонаха хьаьвзира Хьавана, т1ера бедарш хийцира. Уьш кхуьнан тускар чохь яра. Шелбелла когаш 1ат1ар хьоькхуш, жимма метта балийра.
Са хилира. Х1инца ма-дарра гуш дара Хьавана, вокзалехь долу хьал: къинхетаман хьаса боцуш, иштта а дуьхьало ян де доцу адам хьийзадора салташа, вовше лоьхуш ч1ог1а маьхьарий дара эударийн, берийн. Цу ирчачу суьрто 1адон дозане кхачинера хийла стаг. Мел ч1ог1а говза яздархо хилча а, цу дийнан эрчалла гойтуш ма-дарра яздан говзалла тоьар яцара. Чохь дуькъа хиларна ког хеца меттиг боцуш сийна Сибреха, Юккъерчу Азе, дуьгуш дара нохчийн халкъ.
Некъан хало, мацалла, хьогалла, цамгарш – кхин а, кхин а, масане ду уьш лан дийзира. Мел йолу къизалла, евзира вайнахана. Велларг а коше верзо йишйоцуш некъаца тесна вита дийзира. Д1акхаьчча а дукха адам 1ожалло д1адехьира.


Даймахке сатуьйсуш,сингаттамо б1арздина, амма доьналлех ца бухуш, 13-шо хан яьккхира вайнаха Юккъерчу Азехь.
Ц1а веъна Адам, шийла х1усаме кхечира. Бакъдерг аьлча, иза башха цец а ца велира, х1усамнана бераш а эцна шен халкъана т1аьхьа яхна аьлла шена хиъча.
Цул т1аьхьа, нохчий хилар бен кхин бехк-гуьнахь доцуш, пхи шо хан тухуш набахти чу а воьллира. (Иза кхин къамел ду, цунах лаьцна а яздийр ду, аьтто ма белли). И хан яьккхинчул т1аьхьа парг1ат ваьккхира Адам.


Фрунзехь цхьа меттиг яра, к1иран дийнахь вайнах гуллуш. Вайнарг, веънарг, велларг цигахь кхайкхавора. Иззий хьал Юккъерчу Азин кхечу г1аланашкахь а дара. Х1ора а к1иран дийнахь йоьдура Хьава, ц1ийндех лаьцна хабар ца хеза те аьлла дегйовхо кхобуш.
Иштта, цу метте, шен доьзалах х1умма а хезий хьажа вог1у Адаммий, Хьавай дуьхь-дуьхьал кхийтира. Пхеа шарахь ца гуш сагатдинехь а, ткъа х1инца дош ца алалуш висира Адам.
Ткъа Хьавас т1е а яхна:
– Ва стаг, хьо ма хьевели, – элира.

 

Источник:: журнал "Нана"




checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:


ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости


Это интересно

Календарь новостей

«    Ноябрь 2024    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123
45678910
11121314151617
18192021222324
252627282930 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru      checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

 checheninfo.ru  checheninfo.ru checheninfo.ru checheninfo.ru Ютуб Гордалой  checheninfo.ru Ютуб Гордалой Ютуб Гордалой checheninfo.ru

 checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru  checheninfo.ru

Наши партнеры

gordaloy  Абрек

Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"