Мультипортал. Всё о Чеченской Республике.

ЧЕЧНЯ. ГIордалойн Алхот


Просмотров: 1 432Комментариев: 0
ЧЕЧНЯ. ГIордалойн Алхот

ЧЕЧНЯ. ГIордалойн Алхот (авт. Махаш Воздингов. Г1ордало)

Нохчийн муьлхха юрт схьалаьцчи а, шен бийца къонахий боцуш цхьа хир яц. Къаьсттина, ширчу ярташкара дукха турпалхой бийлина вайн махкахь, шайх лаьцна нехан дегнашкахь сирлачу дагалецамийн лар а юьтуш. Эзар шо гергга хьалха йиллина йолу Нана-ГIоьрдала а ю царех цхьаъ.

ГIоьрдалахь 1834-чу шарахь дуьненчу ваьлла ву имам Шемалан наиб лаьттина волу турпалхо Алхот. Цуьнан схьавалар ГIордалойн тайпанан Iежиган-некъенах ду. Алхотан 16 ден цIерш хIорш ю: Джамболат – Байракх – Алхаст – Дибар – Басха – Iумар-Хьаьжа – ГIонат – Берса – Iисха – Iежиг – Довта-Ботий – Жебар – ГIубнакъ – Тиймар – СунгIар-Леча – Вуьса. Шайн юртахь ларам болуш, дерриг тайпано а магош нах хилла Алхотан дай.
 
 

Шен дайш гайтина доьналла, яккхийтина дика цIе масала лоьцуш, массо а хIуманна тIехь хьуьнар долуш, майраллийца чекхваьлла ву Алхот. Ша жима стаг волчу хенахь дуьйна Кавказан тIамехь жигара дакъа лаьцна цо. ЧIогIа каде, мажар-топп нийса тухуш, ткъес санна чехка шаьлта ластош тIемало хилла гIордалойн Алхот.

Цхьана дийнахь Майртуьпана уллохь, Мичик-хина дехьий-сехьий ши берд дIалаьцна вовшахлата гулделла хилла оьрсийн паччахьан а, имам Шемалан а ши эскар. Шеца лаьтташ наибаш а, мурдаш а болуш, ехачу турмалчу хьоьжуш хилла Шемал. Оьрсийн эскарна юккъера кIайчу динахь, тIедуьйхина кIайн чоа а долуш, коьрта шурула-кIайн месала куй а тиллина, цхьа эпсар-бере хилла Мичикал сехьа а ваьлла, бай тIехула дин хьийзош. Говр энаш тIе а хIиттош, карахь пиренгойн тапча а лестош, шех лата ван стаг вуй Шемалан бIаьхошна юкъахь бохуш, мохь бетташ карзахвуьйлуш хилла и оьрсийн эпсар. И сурт гинчу имамас, турмал охьа а яхийтина, кхайкхам бина шен эскаре: «И эпсар вийначунна доккха совгIат лур дара-кх аса», - аьлла.


Имам Шемалас бинчу кхайкхамна сихонца схьаиккхина дехьо лаьтташ волу наиб Алхот, ша летар ву цу оьрсийн эпсарх, аьлла. ХIара ханна жима а, дегIанна гIийло а хеттачу имамас шеконца хаьттира боху: «Хьо ларор вуй техьа цуьнца?». «Ларор ву дера! Аса и вен а вийна, цуьнан цIетта деъча тоьий хьуна», - аьлла шех бIобулуш волчу жимчу стага.

Имамас пурба а делла, ма-йоьдду говр оьрсийн эпсарна тIехаьхкина Алхота. Кхунах бIаьрг кхетначу эпсаро а майрра дуьхьалхаьхкина шен дин. Амма ира бIаьрса, ши куьг маса долчу Алхота шен цкъа а харц хилла йоцу мажар топп тухий, говрара чувожаво эпсар. Акха-цициг санна тIахъаьлла говрара охьаиккхина, Алхота шен ирачу шаьлтанца куьг доккху оьрсийн эпсаран, имам Шемална дахьа цIеттанна. Цуьнан карара пиренгойн тапча шен доьхкарх а йоьллина, баттара даьккхина тур веллачун некха тIе а диллина, оьрсийн эпсаран дина а хиина, шен говр юххе а лаьцна, сихонца юха имам Шемалан бIо болчу агIор дIахаьхкина Алхота, оьрсийн эскар хиллачух кхетта далале. Шайн тоьлла эпсар нохчочо вийнийла хиинчу гIазакхийн даккхийра маьхьарий девлира. Алхот дийна дIа ца вахийта, кхунна тIаьхьа хьаьлхира уьш. Амма гIордалойн турпал кIант цаьрга лацалур вацара. Иза дукха хан ялале имам Шемална тIе а кхаьчна, шегара даьллачу хьуьнаран тоьшаллаш дIагойтуш вара.

- Тур дацара цу Делан мостагIехь? Иза хIунда ца деара ахьа схьа? – аьлла, цхьана бIаьхочо шега мохь тоьхча, Алхотас иштта жоп делла хиллера: «Баттара а даьккхина, цу эпсаран некха тIехь дитира аса иза. Кериста велахь а, майраниг лара веза. И оьрсий майра хиларна, цуьнан сий дира аса».

ХIара дийцар мелла а кхечу кепара даладо шайн кхоллараллехь нохчийн яздархоша Халид Ошаевс а («Заманан некъаш», 1975 шо), Муса Ахмадовс а («Нохчийн гIиллакх-оьздангалла», 2002 шо). Амма Алхотан цIе ца йоккху церан дийцаршкахь. Тахана ГIоьрдалахь Iаш-бехаш болчу Мисаев Шемалассий, Катаев Ахьмадий, ГIоьрдалахь имам волчу Яхихаджиев Юсупассий, Керлачу-ГIоьрдалахь имам волчу Оздамиров Шемилбекий дечу тоьшаллашца, цу дийцаран прототип наиб Алхот хилла. Кавказан тIамехь гайтинчу хьуьнаршна имам Шемалас дату мидал елла а хилла Алхотана, тIехь Iаьрбийн элпашца, нохчийн маттахь яздина а долуш: «Майраллийна елла мидал ю. Шемалас елла хIара Борз Алхотана», - аьлла. И мидал тахана цуьнан тIаьхьенах волчу Исламов Хожас Iалаш еш ю Лаха-Нойбоьрахь.


Наиб Алхотана имам Шемалас елла мидал

 Iамехь йина дукха чевнаш хилла Алхотан. Кхано, тIом чекх а баьлла, ша воккха хилча, шен чевнаш кIамъелча, лулара жимха кхойкхуш хилла Алхотас царна тхьум хьакха.
Оьрсийн Iедало 1867-чу шарахь ГIоьрдалахь перепись ечу заманахь Алхот дуьххьара дIаязвина ву: Алгот Джанбулатов, аьлла. Цуьнан 33 шо ду цу шарахь. Ши хIусамнана хилла цуьнан: СавгIиз, Iаши (30 шераш долуш шинний а). ЙоI Малихьат 1 шо долуш ю. ТIаьхьо дуьненчу ваьлла Алхотан пхи кIант: Ислам, Муслим, Вагай, Дома, Дати. Царах Ислам дешна хилла. «Исламан-маьждиг» олуш жамаIат-маьждиг а хилла ГIоьрдалахь. Амма Ислам 1933-чу шарахь Советан Iедало лаьцна, ткъа маьждиг дохийна.

Алхотан кхалхар билггалчу хьесапехь 1893-чу шарахь хилла. Иза ГIоьрдалахь кешнашкахь дIавоьллина ву.

Духаев Адам

Источник: Гордалой.ру


checheninfo.ru



Добавить комментарий

НОВОСТИ. BEST:

ЧТО ЧИТАЮТ:

Время в Грозном

   

Горячие новости

Это интересно

Календарь новостей

«    Декабрь 2022    »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 1234
567891011
12131415161718
19202122232425
262728293031 

Здесь могла быть Ваша реклама


checheninfo.ru       checheninfo.ru

Смотреть все новости


Добрро пожаловать в ЧР

МЫ В СЕТЯХ:

Я.Дзен

Наши партнеры


Онлайн вещание "Грозный" - "Вайнах"